‏ Ecclesiastes 1

1Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду.

Адамийн дахар хаттарех дуьзна ду

2«Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш! 3Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо? 4Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу,
ткъа латта абаденналц лаьтта.
5Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу,
иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.
6Мох къилбехьа а хьокху,
къилбаседехьа юха а боьрзу.
Иза, хьийзий, хьийзий,
юха а шен метта схьабоьрзу.
7Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду,
амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу.
Шаьш схьадевллачу метте
юхадоьрзу и хиш.
8Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху,
Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац.
Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан,
ладегӀарх – лерг а дузур дац.
9Хьалха хилларг юха а хуьлу,
ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду,
стигална кӀел керла хӀумма а дац.
10Цхьаццаммо олу:
„Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“
Амма иза а хилла ширачу заманахь,
вайн заманал дуккха а хьалха.
11Хьалха хилла адамаш
цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу,
ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш
дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а».

Устазана дахарехь зеделларг

12Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора. 13Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх! 14Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду. 15Сеттина йолу хӀума нис а лур яц,
ткъа доцург дагар а лур дац.

16 aАс сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна». 17Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла. 18Доккхачу хьекъалаллах
боккха бала хуьлу,
ткъа шена кхетам гулбечо
гӀайгӀа гулйо.
Copyright information for CheCAC2012