Ecclesiastes 11
Адаман хааран дозанаш
1Хьайн бепиг хин тӀехула дӀахеца,ткъа шен хан тӀекхаьчча, иза юха карор ду хьуна.
2Хьайн долу хьал кхечу ворхӀ я бархӀ стагана дӀадекъа,
хӀунда аьлча цхьанна а ца хаьа, хӀун бохам хила тарло кху лаьттахь.
3Мархаш догӀанах юьзна елахь,
цара и догӀа доуьйтур ду лаьтта тӀе.
Ткъа нагахь дитт къилбехьа я къилбаседехьа охьадожахь,
ша охьадоьжначохь Ӏуьллур ду иза.
4Нагахь стаг механ тергам беш хилахь,
цуьнга ялта дӀаден мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.
Нагахь стаг мархашка хьоьжуш хилахь,
цуьнга ялта чудерзо мегар йоцу хан билгалъяккхалур ю.
5Хьуна ца хаьа, ненан кийрахь долчу беран дахар муха долало.
Иштта ца хаьа хьуна, дерриге а хӀума кхуллуш волчу Дала хӀун до.
6Ӏуьйранна хьалххе хӀу дӀаден волалой,
сарралц хьайн болх саца ма бе,
хьуна-м ца хаьа, пайден хӀун хир ду:
хьалхарниг, я шолгӀаниг, я ший а цхьатерра.
Дахарх дезар эца, амма Дела дагахь латтаве
7Дахаран серло мерза ю,бӀаьргашна тамехь ду малхан са гар.
8Хьо мел дукха вахахь а,
хӀора айхьа даьккхинчу дийнах марзо эца.
Амма дагахь латтаделахь Ӏожаллин боданан денош,
уьш хьо дийна волуш яьккхинчу хенал совдовлу.
Ткъа веллачул тӀаьхьа хиндерг кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
9Хьо къона волуш дахарх самукъа а даккха,
хьайн къоналлин деношкахь дог ирсе долуш а хила.
Хьайн даго бохучу некъашкахула а лела,
хьайн бӀаьргашна гуш дерг ма-хеттара а де,
амма ахьа дечу дерригене а хьаьжжина,
Дала хьайна кхел йийр хилар диц ма де.
Хьайн даг чуьра гӀайгӀанаш а дӀаяха,
дегӀа тӀера сингаттамаш а дӀатийса,
хӀунда аьлча дахаран доладалар йолу къоналла кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманех юьзна ю.
10
Copyright information for
CheCAC2012