Ecclesiastes 12
1Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг,хала денош тӀехӀиттале а,
«ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», – ахь олу хан тӀекхачале а,
2малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а,
догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.
3Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,
цӀенна ха дийраш а ластабале,
нуьцкъалнаш а саттабале,
кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале,
корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,
4араволу неӀарш а дӀакъовлале,
хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале,
олхазаран озо хьо сама а ваккхале,
эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.
5Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,
хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале,
некъан халонех а хьо кхерале,
миндал-дитто шен заза а хецале ▼
▼Миндал олучу дитто Ӏай шен заза хоьцу, ткъа цуьнан заза кӀайн хуьлу. Цхьаболчарна хета, цу дитто Ӏай заза хецар Ӏожаллица доьзна ду. Вукхарна хета, цу диттан кӀайн заза хилар къанваларан кӀайчу месашца доьзна ду.
,цаьпцалг меллаша а такхале,
дахаран чам а хьан дӀабалале.
Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду,
ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.
6Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг,
дато зӀе а хадале,
дашо кад а кагбалале,
шовданан коьртехь кхаба а йохале,
хин хьостанехь чкъург а кагъялале,
7ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегӀ а юхадерзале,
са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале.
8«Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!»
Чаккхе
9Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора. 10Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина. 11Хьекъал долчун дешнаш жаӀуьнан хьокхий санна ду.Цхьана жаӀуьно ▼
▼Цхьана жаӀуьно – цхьаболчарна хета, иза Дела я Сулим-паччахь хила тарло аьлла.
хьехна, гулдина хьекъале кицанаш дечигах диттина хьостамий санна ду.12Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо. 13Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза. 14ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна – къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а – Дала Ша кхел йийр ю.
Copyright information for
CheCAC2012