‏ Ecclesiastes 7

Адамна дикаха дерг

1 aДезачу хьакхарел
цӀе яккхийтар дикаха ду,
Иштта дуьнен чу валаран дийнал
адам даларан де дикаха ду.
2Той долчу цӀа чу воьдучул,
тийжар долчу цӀа чу вахар дикаха ду.
ХӀоранна а тӀаьххьара де тӀедогӀу,
ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза.
3Веларал дикаха ду
сингаттаме хилар,
хӀунда аьлча, юьхь кхоьлина хиларна,
дог хьекъалх дузу.
4Хьекъалечу стеган дог адам доьлхуш долчохь хуьлу,
ткъа сонтачун дог адам гӀаддахана долчохь хуьлу.

5Сонтачийн иллешка ладуьйгӀучул дикаха ду
хьекъал долчун тӀехтохамийн тергам бар.
6Сонтачун велавалар
ена кӀеларчу цӀергахь лелха гаьннаш санна ду.

Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.
7ГӀело яро хьекъалечух сонтаниг во,
ткъа кхаъ схьаэцаро кхетам а талхабо.

8ГӀуллакхан чаккхе хилар
гӀуллакх доладарал дикаха ду,
ткъа собаре хилар
цавашарал а дикаха ду.
9 bХьайн са оьгӀазаллина сих ма де,
хӀунда аьлча оьгӀазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.
10Ахьа ма хатта: «ДӀадахана денош дикаха хӀунда дара?»
Хьекъале дац и хаттар.
11Цхьаннах бисина бахам санна, дика ду хьекъалалла.
Кху дуьненахь болчара цунах пайда оьцу.
12Хьекъалалло а, ахчано санна, адам лардо,
амма хьекъалаллех буьсун болу пайда иштта бу:
цуьнан дола диначун дахар лардо цо.

13ДӀахьажал Делан гӀуллакхашка.
Цо гамдинарг хьаьнга нислур ду?
14Беркатечу хенахь воккхаве,
ткъа гӀайгӀане еанчу хенахь ойланаш е.
И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду,
адаме цкъа а талла ца ло
ша кхелхинчул тӀаьхьа шех хиндерг.

ХӀуманна тӀехь тӀехваларх лардар

15Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу. 16ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала – хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь? 17Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила – хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь? 18ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.

Хьекъале мила хилало?

19Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву. 20Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.

21Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама. 22ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.

23Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера! 24Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?

ЦӀена хьекъалалла карадойла дац

25Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а. 26Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву. 27«Хьажал суна карийначуьнга, – олу устаза. – ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама. 28Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“». 29Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.
Copyright information for CheCAC2012