‏ Ephesians 1

1 aДелан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала яздо, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.

2Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Далла хастамаш бар

3Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Дела а, Да а. Цо Ӏийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца. 4Дуьне а кхоллале, вай Ӏийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цӀена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, 5хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Ӏалашо, иштта бара Цуьнан лаам. 6Цунна везаш волчу Цуьнан КӀантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна. 7 bӀийсас, Шен цӀий Ӏанорца мах а белла, вай паргӀат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. 8И дика тӀех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а. 9Шен къайлаха йолу Ӏалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Ӏалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. 10Ткъа Делан Ӏалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тӀехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.

11Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хӀума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Ӏалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. 12Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.

13Шаьш кӀелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тӀе Шен мухӀар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца. 14Шен долахь берш кхоччуш паргӀатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.

ПахӀалан доӀа

15И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Ӏийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана, 16сайн доӀанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тӀера Далла баркаллаш боху аса. 17Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Ӏийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кӀоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла. 18 19Шун дегнашна тӀера пардо дӀадоккхийла Цо, шу тӀекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хӀун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ 20 cШа леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агӀор охьахаийра Цо. 21Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цӀарал лакхара вина ца Ӏаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цӀарал лакхара а вина. 22 d eШадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хӀуманна тӀехь коьртаниг хилийта. 23Ӏийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хӀума массанхьа а Шеца дузадо.
Copyright information for CheCAC2012