‏ Ephesians 2

Ӏожаллина тӀера дахарна тӀе

1 aТкъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. 2Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. 3Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.

4Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, 5къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу. 6Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула. 7Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. 8Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду. 9Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. 10Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца йолу цхьаалла

11Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех
Кхечу къаьмнех – жуьгтий боцуш, кхин къаьмнаш.
схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.
12Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара.

13Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла. 14Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо, 15 cШен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. 16 dЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо. 17 eВан а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас, 18хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.

19И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. 20Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу. 21Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош. 22Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012