‏ Ephesians 2:1-5

Ӏожаллина тӀера дахарна тӀе

1 aТкъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. 2Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. 3Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.

4Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, 5къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.
Copyright information for CheCAC2012