‏ Ephesians 3

ПахӀала кхечу къаьмнех болчу нахана гӀуллакх дар

1Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахӀала, доӀа до. 2Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тӀедиллинчу гӀуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх. 3И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. 4 aЦундела, дӀаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу. 5Хьалхалерчу адамийн тӀаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хӀинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. 6Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш. 7Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца.

8Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а, 9Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хӀума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле. 10И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама. 11Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула иза кхочушдина Дала. 12Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн. 13Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор
Я иштта: Иштта ас доьху шуьга, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, шун дог ца эшор.
. И баланаш – шун сийлалла ду.

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безам

14Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха. 15Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу. 16Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш. 17Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш. 18Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кӀорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам. 19Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.

20Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна, 21Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца мел волчуьнгара а массо а тӀаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.
Copyright information for CheCAC2012