‏ Ephesians 4

ДегӀан цхьаалла

1Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тӀекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. 2 aВовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш. 3Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш. 4Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара. 5Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду. 6Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тӀехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.

7Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара. 8 bЦундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла,
Ша йийсар биначарна хьалхахӀоьттира Иза.
Адамашна Цо совгӀаташ делира».

9Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера
Лаьтта тӀе охьавеанера – я иштта: лаьтта буха кхаьчнера.
Иза бохург дацахь?
10Охьавеанарг а, Шеца массо а хӀума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. 11Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. 12Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а. 13Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц. 14Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту. 15Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хӀуманна тӀехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву. 16 dЦуьнан дегӀ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегӀан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХӀора межено, шен-шен похӀме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегӀ безамца хьала а кхиадой, дӀахӀоттадо.

Дала леррина Къобалвинчуьнца долу керла дахар

17Цундела, Везачу Элан цӀарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хӀинца чул тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Ӏелаш. 18Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду. 19Дерриг эхь а дайина, шайн догӀмийн боьхачу лаамашна тӀаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хӀуманаш ца Ӏебаш кхочушдо цара.

20Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна. 21Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Ӏийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догӀуш ма-хиллара шу Ӏамийнера. 22 eИштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. 23Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. 24 fБилггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.

25 gВай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дӀа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца. 26 hШаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш. 27Ма йита иблисана цхьа а меттиг. 28ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан. 29Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хӀиттош, ладугӀуш болчарна тамехь а долуш. 30Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц. 31Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тӀера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгӀазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дӀадаккха. 32 iАмма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.
Copyright information for CheCAC2012