aАрадаккхар 29:18; Забур 39:7.
Ephesians 5
Делах тера лела дезар
1Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш. 2 aДаггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна. 3Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бӀаьрмециг хилар а – и хӀуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цӀе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. 4Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргӀада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гӀоле ду шуна. 5ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац. 6Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.Серлонгахь лела дезар
7Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь. 8Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш. 9ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо. 10Везачу Элана тамехь дерг хӀун ду те бохуш, зуьйш хилалаш. 11Стом ца лучу боданечу гӀуллакхашна юкъа ма гӀерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш. 12ХӀунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду. 13Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю. 14Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагӀатта, вижина Ӏуьллург,беллачарна юкъара денло,
тӀаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».
Хьекъалца лела дезар
15Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш. 16 bМел хуьлучу таронах пайда эца, хӀара зама мекара йолу дела. 17Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гӀерталаш. 18Сийсаза лелар долуьйту чагӀар тӀех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш. 19 cНазманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тӀера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш. 20Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах. 21Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.Зударий а, майранаш а
22 dЗударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтӀахь хилалаш. 23ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза. 24Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтӀахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хӀуманна тӀехь шайн майранашна муьтӀахь хила беза. 25 eМайранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дӀаделла Цо. 26Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а, 27динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама. 28Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза. 29ХӀунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегӀ ца дезаш. Мелхо а, шен дегӀ цо кхаба а кхобу, Ӏалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна. 30Вай Цуьнан дегӀан меженаш ма ю. 31 f«Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху. 32Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду. 33Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хӀоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.
Copyright information for
CheCAC2012