Esther 2
Эсират паччахьан зуда хуьлу
1ТӀаьхьо, шен оьгӀазалла дӀаяьлча, Ахьаш-Варуша Вашатих лаьцна ойла йора. Цо динчух а, ша иза бахьана долуш бинчу сацамах а лаьцна яра цуьнан ойла. 2ТӀаккха цунна уллохь болчу ялхоша элира: «Паччахьна къона а, хаза а мехкарий лаха беза. 3Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьӀӀера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тӀаьхьа уьш Шушан-гӀалин гӀопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Ӏаш долчу цӀа чу а дигна, ваьӀна волу коьрта ялхо волчу ХӀигайн куьйга кӀел охьаховшо деза, хӀоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла. 4Паччахьна хазахетта йолу йоӀ Вашатин метта дӀахӀотто еза». Паччахьна и хьехам чӀогӀа тайра, цундела цо иза кхочушбан омра дира. 5Шушан-гӀалин гӀопахь вехаш Ӏаш цхьа жуьгти хилла, Мардахай цӀе а йолуш, Бен-Яманан тайпанах а волуш. Иза Къушин кӀант волчу ШамаӀин кӀентан Яиран кӀант хилла. 6 aБавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь паччахь волу ЯхӀу-Яхин Ярушалайм-гӀалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла. 7Цуьнан, ХӀадаси цӀе а йолуш, ден вешин йоӀ хилла. ЙоӀан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХӀадасин дай-наний кхелхинчул тӀаьхьа, цо шен йоӀ санна лелош хилла иза. ХӀадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цӀе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегӀ а чӀогӀа хаза а, куц долуш а дара. 8Паччахьан сацам нахана дӀахаийтинчул тӀаьхьа дукха зудабераш схьадалийра Шушан-гӀалин гӀопе. Уьш паччахьан зударий ларбеш волчу ХӀигайн куьйга кӀел дӀаделира. Эсират а, паччахьан гӀишлошна чу а ялийна, ХӀигайн куьйга кӀел дӀаелира. 9ХӀигайнна чӀогӀа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гӀуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхӀ йоӀ а елира. Эсират а, цуьнан гӀуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Ӏаш болчу цӀийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо. 10Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хӀума ца дуьйцура, хӀунда аьлча Мардахайс цунна, хӀумма а ма дийца аьлла, тӀедиллинера. 11Мардахай хӀора дийнахь зударий Ӏаш болчу цӀийнан кертана уллохь лелаш хуьлура, хӀунда аьлча цунна хаа лаьара, Эсиратан хьал-де муха ду. 12Ахьаш-Варуш-паччахьан цӀа чу яхале, хӀора йоӀа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура – ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духӀиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш. 13Цул тӀаьхьа иза паччахьан цӀа чу йоьдура. Иза паччахьан цӀа чу йоьдуш, зударий Ӏаш болчу хӀусамера ша езаялийта шена луъург схьаэца магийна дара. 14Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Ӏуьйранна паччахьан зударий болчу дӀайоьдуш хилла, ШаӀа-Шагиз бохуш цӀе а йолуш, паччахьан гӀарбаш-зударшна тӀехь Ӏуналла деш волчу ваьӀна ялхочун куьйга кӀел. Паччахьан цӀа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоӀ, цо цӀе а яьккхина, цуьнга дӀакхайккхалц. 15ТӀаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тӀекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХӀаилан йоӀ йолу Эсират Мардахайс, шен йоӀ санна, тӀелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьӀначу ялхочо ХӀигайс шена хьехам бинарг бен, хӀумма а ца дийхира цо. Эсират дӀагинчарна массарна а хазахеташ хилла. 16Паччахьан цӀа чу Ахьаш-Варуш волчу Эсирате дӀакхайкхира цуьнан паччахьалла лаьттачу ворхӀалгӀачу шеран уьтталгӀачу Табат олучу баттахь. 17Паччахьна Эсират массо а зударел а дукхаезаелира. Цундела иза цуьнца дика а вара, цунна реза а вара. Ахьаш-Варуша Эсиратан коьрта тӀе паччахьан таж а диллира, иза Вашатин метта паччахьан зуда йина дӀа а хӀоттийра. 18Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хӀоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дӀахӀоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгӀаташ дахьийтира.Мардахайс паччахьан са кӀелхьардоккху
19Зудабераш, паччахьца хиллачул тӀаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀедиллина долу гӀуллакхаш деш хилла. 20Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоӀ санна, Мардахайн куьйга кӀел ша хиларе терра, Эсирата ладугӀура Мардахайга. 21Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀехь долу гӀуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цӀа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гӀаролхо волу БагӀтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгӀаз а вахана, иза вен барт беш вуйла. 22Иза шена хиъча, Мардахайс и хӀума паччахьан зуда йолчу Эсирате дӀадийцира, ткъа Эсирата иза Ахьаш-Варуш-паччахье дийцира. Мардахайн цӀарах цо иштта хаам а бира. 23Мардахайс аьлларг теллинчул тӀаьхьа, паччахьна дӀахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гӀаролхо дитта тӀехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гӀуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тӀехь дӀаяздира.
Copyright information for
CheCAC2012