Esther 3
ХӀаман жуьгтий хӀаллакбан дагахь ву
1Цул тӀаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чӀогӀа сий деш, хьалаайинера агӀагхо ▼▼АгӀагхо – АгӀаг Ӏамалекхахойн паччахь хилла, ткъа Ӏамалекхахой хьалхарчу заманахь дуьйна жуьгташца мостагӀаллехь Ӏаш бара.
волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дӀахӀоттийнера. 2Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болу массо а элий, ХӀаманна хьалхахь охьа а теӀаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тӀедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьӀара ХӀаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. 3Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хӀунда ца до ахьа?» 4ХӀора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХӀаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТӀаккха элаша иза ХӀамане дӀадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дӀадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла. 5Шена Мардахайс, охьа а таьӀаш, корта ца беттар гича, ХӀаман чӀогӀа оьгӀазвахара. 6Цунна кӀезиг хӀума хийтира цхьа Мардахай вийна Ӏар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хӀаллакбан бахьана лоьхура. 7Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгӀачу шеран Нисан цӀе йолчу хьалхарчу баттахь ХӀаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хӀаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цӀе йолчу шийтталгӀачу беттан кхаж белира. 8Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХӀамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьӀӀехь дӀасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Ӏедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дӀахӀоттийна долу Ӏедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. 9Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хӀаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дӀадала». 10ТӀаккха паччахьо шен пӀелга тӀера мухӀар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагӀа волчу а, агӀагхо волчу а ХӀамдатин кӀанте ХӀамане дӀаделира. Цо иза, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, шен омра чӀагӀдеш дӀаделира. 11Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀара дети хьуна дӀаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де». 12Хьалхарчу беттан кхойтталгӀачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХӀаманан омранаш дӀаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хӀора меттиган куьйгалхошка а, хӀора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цӀарах яздина дара, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина а дара. 13Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьӀӀе дӀасадаьхьира. Цу кехаташ тӀехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хӀаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгӀачу Адар беттан кхойтталгӀа де. 14ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехат тӀехь дӀаязбина сацам, нахана хьалха дӀа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама. 15Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гӀалин гӀопахь долчу халкъана дӀабийшира. Паччаххьий, ХӀаманний молуш Ӏаш вара, ткъа Шушан-гӀалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара.
Copyright information for
CheCAC2012