‏ Esther 4

Мардахайс Эсирате гӀо доьху

1Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тӀера бедарш этӀийра. Цо, вон тӀедеача юхуш йолу бедарш шена тӀе а юьйхина, коьрта тӀе чимаш тесира. ЧӀогӀа воьлхуш гӀала аравелира иза. 2Паччахьан кевнна улло дӀа а вахана, цигахь сецира иза, хӀунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цӀа чу ваха бакъо йолуш вацара. 3Паччахьан сацам дӀакхаьчначу массо а маьӀӀехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Ӏохкуш бара.

4Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧӀогӀа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тӀеюха хӀума яхьийтира, цуьнга, шена тӀера сингаттаман духар дӀа а даьккхина, уьш тӀеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира. 5ТӀаккха Эсирата паччахьо шена тӀехӀоттийна волчу ваьӀначу ялхочуьнга ХӀатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хӀун ду хьажа. 6ХӀатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гӀалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета. 7Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хӀума дӀадийцира. Цо иштта цунна дӀахаийтира, жуьгтий хӀаллакбархьама ХӀамана паччахьан хазне охьадилла чӀагӀо йина долу дато ахча мел ду а. 8Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар. 9ХӀатахис, юха а веана, Эсирате дӀадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг. 10ТӀаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира: 11«Массо а паччахьан гӀуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хӀора зуда, я стаг, ша паччахьо тӀекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Ӏедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гӀаж дӀакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тӀе кхайкхаза ткъе итт де дӀадаьлла».

12Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дӀадийцира. 13ТӀаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цӀа чохь хиларна, кӀелхьаръер ю. 14Нагахь санна хьо хӀинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ӀадӀахь, жуьгташна гӀо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а хӀаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хӀара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж».

15Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира: 16«Ваха а гӀой, Шушан-гӀалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тӀера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тӀаьхьа со паччахь волчу гӀур ю, иза Ӏедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».

17Мардахайс, дӀа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.
Copyright information for CheCAC2012