Esther 5
Эсирата паччахьца къамел до
1КхозлагӀчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тӀе а юьйхина, паччахь чохь волчу цӀийнан чухуларчу кертахь дӀахӀоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гӀанта тӀехь Ӏаш вара паччахьан цӀа чохь, нийсса чувогӀийла йолчу меттигна дуьххьал. 2Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агӀор шен карахь йолу дашо гӀаж дӀакховдийра. Эсират, тӀе а еана, цу дашочу гӀожан йистах дӀахьакхаелира. 3ТӀаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хӀума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХӀун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дӀаяла езахь а». 4Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХӀаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогӀийла луур дара суна». 5ТӀаккха паччахьо элира: «Сихха ХӀаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХӀаманца цхьаьна шайна Эсирата хӀоттийначу тойне веара. 6Ша чагӀар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХӀун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дӀалур ю». 7ТӀаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду: 8нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХӀаманца цхьаьна аса церан сийнна хӀотто леринчу тойне вогӀур ву. ТӀаккха дӀаэр ду аса паччахье сайна луург».ХӀаман Мардахайна оьгӀазвахар
9Цу дийнахь ХӀаман паччахь волчуьра чӀогӀа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХӀара тӀехволуш, Мардахай ХӀаманна хьала а ца гӀаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТӀаккха чӀогӀа оьгӀазвахара иза цунна. 10Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цӀа ваханчул тӀаьхьа, цо шен доттагӀий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира. 11ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а. 12Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне. 13Амма цу хӀуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргӀат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Ӏаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го». 14ТӀаккха Зеришата а, массо доттагӀаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бӀогӀам дӀахӀоттабе алий, омра де. Ӏуьйранна паччахье цу тӀехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тӀаьхьа, хьайн дог паргӀат а долуш, паччахьца тойне гӀур ву хьо». И дешнаш ХӀаманна чӀогӀа тайра. Цо омра дира, бӀогӀам дӀахӀоттабе аьлла.
Copyright information for
CheCAC2012