Esther 6
Мардахайн сийдар
1Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хӀума дӀаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. 2 aЦу тептар тӀехь дӀаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагӀтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хӀума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а. 3ТӀаккха паччахьо хаьттира: «ХӀун сий а, дика а дина Мардахайна и хӀума бахьана долуш?» Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хӀума ца дина». 4Паччахьо хаьттира: «ХӀинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цӀийнан арахьарчу керта ХӀаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бӀогӀам тӀе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера. 5Ялхоша жоп делира: «ХӀаман ву кертахь лаьтташ». Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга». 6ХӀаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» – аьлла. Ткъа ХӀаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?» 7Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хӀара дан деза: 8хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тӀе паччахьан таж а диллийта. 9И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дӀало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тӀеюхийта. Цул тӀаьхьа, и стаг цу говрана тӀе а хаавай, гӀалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“– аьлла». 10Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь». 11ХӀамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тӀе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гӀалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХӀамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!» 12Цул тӀаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХӀаман гӀийла, юьхьӀаьржачу хӀоттарна шен корта къайла а баьккхина, цӀа ваха сихвелира. 13Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву». 14Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХӀаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.
Copyright information for
CheCAC2012