‏ Esther 7

ХӀаман ирхъоллар

1Паччахь ХӀаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара. 2Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагӀар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хӀун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дӀаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».

3ТӀаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХӀара ду-кх сан хьоьга долу дехар, 4хӀунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хӀаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хӀумма а эр дацара, и хӀума а дина, мостагӀчо паччахьна хилла зе меттахӀоттор доццушехь
Я иштта: ...хӀунда аьлча бахьана дац цу бохамца паччахь зен.
».

5ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хӀума динарг мила ву? Схьагайта суна и хӀума дан ваьхьна волу стаг».

6Эсирата элира: «И буьрса мостагӀа а, зуламе стаг а хӀара ву: ХӀаман!»

Ткъа ХӀаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара.
7ЧӀогӀа оьгӀазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гӀаьттина, шен цӀенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХӀаман Эсирате, ша кӀелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таӀзар дийр дуйла. 8Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агӀоръяьлла Ӏаш йолчу меттан йисте воьжна Ӏуьллуш волу ХӀаман. ЧӀогӀа оьгӀазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тӀекхетта хьо!»

Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХӀаманан юьхь къайлаяьккхира.
9Паччахьан ваьӀначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХӀаманан цӀенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бӀогӀам бу. Иза ХӀамана паччахь воьчуьра кӀелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хӀоттийна бу».

ТӀаккха паччахьо элира: «ХӀаман цу бӀогӀам тӀехь ирхъолла!»

10ХӀаман ша Мардахайна кечбина болчу бӀогӀам тӀехь ирхъоьллира. Цул тӀаьхьа паччахь оьгӀазваханчуьра юхавирзира.
Copyright information for CheCAC2012