‏ Esther 8

Паччахьо, жуьгташна гӀо де аьлла, омра до

1Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дӀаделира жуьгтийн мостагӀ волчу ХӀаманан цӀенош. Мардахай паччахьна улло веара, хӀунда аьлча Эсирата цунна дӀахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар. 2ХӀаманера ша схьаяьккхина йолу шен чӀуг, пӀелга тӀера схьа а яьккхина, Мардахайга дӀаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХӀаманан цӀенна тӀехь коьрта тӀехьожург вина, дӀахӀоттийра.

3Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агӀагхо волчу ХӀамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш. 4Паччахьо шен дашо гӀаж Эсиратана тӀе хьажийра. Эсирата, хьала а гӀаьттина, паччахьна хьалха дӀа а хӀоьттина, 5элира: «Паччахь, хьайн цу тӀехь лаам а белахь, хьан бӀаьргашна со езаш а елахь, хьан бӀаьргашна хьалха хӀара нийса а делахь, сан дуьхьа хӀара гӀуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀанта ХӀамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хӀаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош. 6Муха ловр бу ас сан къомана тӀехӀоьттина болу бохам а, сан гергара нах хӀаллакьхилар а?»

7ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХӀаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дӀабелла, ткъа иза ша бӀогӀамна тӀе ирхъоьллина. 8Амма паччахьан цӀарах яз а дина, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина долу кехат цхьаннан а дӀадаккха бакъо яц. ХӀинца аша, шайна бакъахьа хетарг тӀе а яздай, паччахьан цӀарах кехат кечде, иза паччахьан мухӀарца чӀагӀ а де».

9Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара. 10Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цӀарах дӀаяздайтира, паччахьан мухӀарца чӀагӀ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дӀасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла). 11Цу кехаташ тӀехь яздина дара, паччахьо хӀора гӀалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагӀех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хӀаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тӀелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дӀабахьа а. 12И хӀума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀа де. Жуьгташна и хӀума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь. 13ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехата тӀера схьаязбина сацам нахана хьалха дӀабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагӀашна бекхам бан кийча хилийтархьама. 14Паччахьан сацам тӀехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дӀабовзийтира Шушан-гӀалин гӀопахь а.

15Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен ве̄танан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. 16Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара. 17Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.
Copyright information for CheCAC2012