a Эсират 3:7 (Грекийн).

‏ Esther 9

Жуьгтийн толам

1ШийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагӀий, уьш кара а берзош, царна таӀзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагӀа шайна караверзийра. 2Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гӀаланашка схьагулвелира, шаьш хӀаллакдан Ӏалашо йолуш арабевллачарна тӀелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хӀунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. 3Массо а меттигера элий а, тхьамданаш а, куьйгалхой а, паччахьан омранаш кхочушдеш болу хьаькамаш а жуьгташна гӀо деш бара, шаьш Мардахайх кхоьру дела. 4Мардахай паччахьан цӀен тӀехь чӀогӀа дош догӀуш стаг хилла дӀахӀоьттинера. Цуьнан сий пачхьалкхан массо а маьӀӀехула дӀасадаьржира, хӀунда аьлча иза, де дийне мел дели, лакхарчу дарже хьалаваьлла воьдуш вара. 5Жуьгташа шайн мостагӀий, тарраш детташ, бойуш а хилла, шайн болчу ницкъаца хӀаллакбеш а хилла. Шаьш ца безаш болчарна цара шайна луъург деш хилла. 6Шушан-гӀалин гӀопахь пхи бӀе стаг вийна хилла цара. 7Паршандати а, Далпан а, Аспати а, 8Пурати а, Адал-ЯхӀу а, Аридати а, 9Пармашти а, Арисай а, Аридай а, Вайзати а вийра цара. 10Уьш ХӀамдатин кӀентан ХӀаманан итт кӀант вара. ХӀаман жуьгтийн мостагӀа вара. Цундела цара уьш байина дӀабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира.

11Цу дийнахь паччахьна дӀахиира маса стаг вийна Шушан-гӀалин гӀопахь. 12Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гӀалин гӀопахь жуьгташа пхи бӀе стаг вийна, царна юкъахь ХӀаманан итт кӀант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хӀун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хӀун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».

13Эсирата цунна жоп делира: «Паччахьан цу тӀехь лаам белахь, суна луур дара Шушан-гӀалахь болчу жуьгташка кхана а тахана диннарг дойла а, иштта ХӀаманан итт кӀентан декъий дитташна тӀехь ирхъухкийла а». 14Паччахьо омра дӀаделира иштта дан. Шушан-гӀалахь и сацам дӀабовзийтира. Цара ХӀаманан итт кӀентан декъий ирхъоьхкира. 15Адар-беттан дейтталгӀачу дийнахь Шушан-гӀалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бӀе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хӀума схьа ца ийцира.

16Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Ӏаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагӀех шаьш паргӀатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагӀа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна. 17И хӀума хилира Адар-беттан кхойтталгӀачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дӀахӀоттийра.

18Ткъа Шушан-гӀалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгӀачу дийнахь цара садоӀуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дӀахӀоттийна хилла. 19Цундела ярташкахь Ӏаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгӀа де, чӀогӀа самукъане де дина, дӀахӀоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгӀаташ деш а хилла.

Пурим олу деза де

20Мардахайс, и массо а хӀума дӀа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Ӏаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира, 21хӀора шеран Адар-беттан кхойтталгӀачуй, дейтталгӀачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла. 22И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хӀунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагӀех паргӀатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дӀахӀоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дӀахӀоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгӀаташ дала а, гӀийлачарна сагӀина хӀума яла а дезара. 23Жуьгташа цу деношкахь шаьш дан долийнарг а, Мардахайс шен кехаташ тӀехь шайна тӀедиллинарг а хазахетарца тӀеийцира.

24 aАгӀагхо волчу ХӀамдатин кӀант ХӀаман, массо а жуьгтийн мостагӀа, уьш хӀаллакбан дагахь араваьлла хилла. Цу Ӏалашонца цо, жуьгтий хӀаллакбен де билгалдоккхуш, «пур» тесна а хилла (иза «кхаж» бохург ду). 25Эсират паччахь волчу яханчул тӀаьхьа, цо керла сацам тӀехь болу кехаташ дахьийтина хилла. Цу сацамо ХӀамана жуьгташна дуьхьал зуламе леринарг цуьнан шен коьрта тӀе дерзийна хилла: ХӀаман а, цуьнан кӀентий а бӀогӀамашна тӀехь ирхъоьхкина хилла. 26Цундела «пур» аьллачу дашца цу дезачу дийнан цӀе, «Пурим» аьлла, тиллина хилла. Мардахайс дӀаяздина долу дешнаш а, шайна гинарг а, шайн къомана лерина хилларг а бахьана долуш, 27жуьгташа а, церан тӀаьхьено а, царна тӀебаьхкинчу наха а хӀора шарахь билгалъяьккхинчу хенахь и ши де, шайна дӀаяздина ма-хиллара, деза де дина дӀахӀоттош хилла. 28Церан тӀаьхьенаша а даздан дезаш дара и денош. Пачхьалкхехь йолчу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а даздан дезаш дара Пурим. Жуьгташа цкъа а даз ца деш дита ца деза аьлла хилла и деза де. И хӀума массо а тӀаьхьенна дагадоуьйтуш хила дезара.

29Паччахьан зуда йолчу а, Абу-Хьаилан йоӀ йолчу а Эсирата жуьгти волчу Мардахайца цхьаьна цхьа кехат дӀаяздира, Пурим олучу дезачу дийнах лаьцна Мардахайс дӀаяздина долу хӀара шолгӀа кехат чӀагӀдархьама. 30Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь йолчу бӀе ткъе ворхӀ меттигехь бехаш болчу жуьгташка дӀасадахьийтина хилла хӀара кехат. Кехатан дешнаш машарх а, тешамах а лаьцна хилла. 31И кехаташ яздаран Ӏалашо Пурим олу деза де цхьана билгалъяьккхинчу хенахь даздар хилла. Паччахьан зудчо Эсирата а, жуьгтий волчу Мардахайс а дӀадахьийтина хилла шайн сацам тӀехь болу кехаташ. Цу тӀехь цара массарна а тӀедиллира, и деза де шайна а, шайн тӀаьхьенашна а цхьана билгалъяьккхинчу хенахь дазде аьлла. Кехат тӀехь яздина дара, цу деношкахь цара марханаш кхаба а, белхар дӀахӀотто а деза аьлла. 32Эсиратан кехато Пурим олучу дезчу дийнан бакъонаш чӀагӀйира, иза тептар тӀе дӀа а яздира.
Copyright information for CheCAC2012