‏ Esther 1

Паччахьан зудчо Вашатис паччахье ла ца дугӀу

1 aХӀара хӀума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина
Инди – кхузахь Инди аьлла цӀе йоккхуш йолу меттиг хӀинцалера Пакистан лоруш ю.
тӀера Хуша-махкана
Хуша-мохк – Хуша аьлла долу латтанаш Нил хин лакхахьара охьадогӀийла йолчохь Ӏохкуш долу латтанаш ду. Царна юккъе догӀуш ду Мисар-мехкан къилбехьа Ӏохкуш долу латтанаш а, хӀинцалера Судан олучу пачхьалкхана чудогӀуш долу латтанаш а, иштта хӀинцалерачу Эфиопина къилбаседехьа долу латтанаш а.
тӀекхаччалц йолчу цхьа бӀе ткъе ворхӀ меттигна тӀехь.
2Кху дийцар тӀехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гӀалин гӀопахь лаьтташ долчу паччахьан гӀанта тӀера паччахьалла дора.

3Ша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гӀуллакх деш болчарний лерина той хӀоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цӀийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кӀел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. 4И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.

5И бӀе дезткъа де дӀадаьллачул тӀаьхьа паччахьо Шушан-гӀалин гӀопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дӀахӀоттийра. И той ворхӀ дийнахь лаьттира паччахьан цӀийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тӀера уггар а хьалдолчу стагана тӀекхаччалц волу цу гӀопара массо а вахархо. 6И керт яра кӀайчу а, сийначу а басахь долчу ве̄танан кӀадешца кечйина. Уьш кӀайн а, цӀарула-цӀен а долчу кӀадинах йинчу тӀергашца шагатӀулган бӀогӀамашна тӀе даточу хӀазаршца дӀатесна яра. Деших а, детих а йина садаӀа меттигаш яра уьйтӀахь кечйина. И уьйтӀе, баьццара тӀулгаш а, шагатӀулгаш а, лахьорчах
Лахьорч – хӀорда чохь хуьлучу садолчу хӀуманан цӀа.
йоккхуш йолу хӀума а, иштта Ӏаьржа тӀулгаш а дехкина, кечйина яра.
7Хьешашна тӀекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагӀар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара. 8Ца луучунна малар малийтар тӀе ца дожадора, хӀунда аьлча паччахьо дина омра дара, хӀоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.

9Паччахьан зудчо Вашатис а хӀоттийнера паччахьан цӀа чохь болчу зударшна лерина долу той.

10ВорхӀалгӀачу дийнахь, шен дог чагӀар бахьана долуш самукъадаьлла дӀахӀоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьӀна волчу ворхӀ ялхочуьнга МахӀу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигӀатига, АбагӀтига, Зитарга, иштта КӀаркасе а омра дира, 11шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тӀехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дӀагайта. Зуда-паччахь Вашати чӀогӀа хаза яра. 12Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьӀначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан.

Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара.
13Ӏедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гӀуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дӀаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хӀун дан деза аьлла. 14Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цӀераш яра: Каршани, ШетӀур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхӀ эла паччахьна паргӀат тӀекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара. 15Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гӀиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хӀун таӀзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».

16ТӀаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Ӏа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке. 17Вашатис динарг шайна дӀахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дӀахӀуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“. 18ХӀинцачул тӀаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дӀахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю. 19Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дӀакхайкхо беза. И лакхарчу Ӏедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дӀа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дӀадала деза паччахьо. 20И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дӀахиъначул тӀаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цӀе яхна болчарна тӀера дуьйна кӀезигчу нахана тӀекхаччалц».

21Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чӀогӀа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тӀеийцира. 22Цо шен пачхьалкхан массо а маьӀӀе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хӀора меттиган абатан низамехь а, хӀора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тӀехь аьлла дара, хӀора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цӀахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.
Copyright information for CheCAC2012