‏ Exodus 10

БорхӀалгӀа таӀзар: цӀоз

1Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. 2Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».

3Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта. 4Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду. 5Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо. 6Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.

7ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»

8ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»

9«Берриш а гӀур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».

10ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь. 11Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.

12ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо». 13Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара. 14 aИнзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац. 15Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.

16Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас. 17Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий». 18ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас. 19Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда
Эрзан хӀорд – таханлерчу дийнахь иза, схьахетарехь, ЦӀен хӀорд бу.
чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира.
20Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.

УьссалгӀа таӀзар: бода

21Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу». 22 cМусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира. 23Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.

24Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».

25Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха
Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха – я иштта: Ахь-айхьа ло тхуна сагӀина яла езарг, тхайн Везачу Далла оха сагӀа доккхуш.
.
26Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».

27Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира. 28ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».

29Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».
Copyright information for CheCAC2012