eАрадаккхар 3:21, 22.
Exodus 12
Пасахь
1 aМисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«ХӀара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун. 3ДӀаала берриг а исраилхошка: хӀокху беттан уьтталгӀачу дийнахь хӀораммо а цхьацца Ӏахар я буьхьиг эца шен доьзална. 4Нагахь санна Ӏахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Ӏахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Ӏахар массарна а кхаччал декъало. 5Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю. 6Кху беттан дейтталгӀа де тӀекхаччалц иза Ӏалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тӀебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Ӏахар бен беза. 7И Ӏахар буун болчу цӀеношкахь неӀаран гуран шинне агӀор а, неӀаран дукъо тӀе а Ӏахаран цӀий хьакха. 8Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. 9Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дӀа а ца йоккхуш, цӀера тӀехь даттий, дӀадаа иза. 10Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цӀера тӀехь дагаде диснарг. 11И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ▼▼Пасахь – иза Ӏебархойн маттахь «тӀехвалар» бохург ду.
ду. 12Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. 13Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. 14 cЦундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». Совсазчу баьпкан деза де
15«ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цӀенош чуьра бод совсо хӀума дӀаяккха, хӀунда аьлча цу деношкахь совсийна хӀума йиънарг исраилхошна юкъара дӀаваккха веза. 16Хьалхарчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хӀума кечъяр бен. 17Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела. 18Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгӀачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. 19ВорхӀ дийнахь шун чохь бод совсо хӀума хила мегар дац. Совсийначу бедах хӀума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тӀевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. 20Цхьа а тайпа совсийна хӀума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».Дуьххьара Пасахь
21Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хӀораммо а, схьаэций, Ӏахар я буьхьиг е Пасахьана лерина. 22ТӀаккха цуьнан цӀий чохь долчу кеда чу кӀедачу ярийн курс а Ӏоттий, шайн неӀаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. 23 dМисарна таӀзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неӀарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цӀий гур ду. Иза шун цӀеношна уллохула тӀехвер ву, Ӏожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. 24И парзаш шуна а, шун тӀаьхьенашна а тӀейогӀу йолчу ханна тӀедехкина ду. Ларделаш уьш. 25Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гӀуллакх. 26Шайн бераша хаттахь: „Иза хӀунда деш ду?“– аьлла, 27аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагӀа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цӀеношна уллохула тӀех а ваьлла, мисархошна таӀзар дира Цо, ткъа вайн цӀенош Ӏалашдира“». ТӀаккха Везачу Элана хьалха охьатаьӀира халкъ Цуьнга болчу ларамна. 28Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.Доьзалехь дуьххьарлера кӀант валийтар
29Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кӀант валийтира, паччахьан гӀантахь Ӏаш волчу пирӀунан хьалхарчу доьзалхочунна тӀера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тӀекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. 30Буьйсанна пирӀун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагӀаьттира. Доккха белхар хӀоьттира Мисар-махкахь, хӀунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара. 31Цу буссехь тӀе а кхайкхина, Мусага а, АхӀароне а пирӀуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гӀовттий, дӀадовла сан халкъана юкъара. Даха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш ма-аллара. 32Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дӀадига. ДӀа а гӀо, со декъал а ве!» 33Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» – бохура цара. 34Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегӀаш хӀуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тӀехь дӀаяьхьира исраилхоша. 35 eМусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара. 36Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.Исраилхой Мисар-махкара дӀабоьлху
37РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. 38Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дӀадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара. 39Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш. 40 fИсраилхоша Мисарахь диъ бӀе ткъе итт шо даьккхинера. 41И хан яьллачул тӀаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бӀо Мисарара арабелира. 42И буьйса Везачу Эло ладоьгӀуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тӀаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.Пасахьан некъаш
43Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац. 44Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тӀаьхьа и кхача баа мегар ду. 45Нагахь стаг шун махкахь тӀевеана Ӏаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц. 46 gЦхьана цӀа чохь яа еза Пасахьан яа хӀума, жижиг ара а ца доккхуш, даьӀахкаш а ца кегъеш. 47Массо а исраилхоша кхочушдан деза гӀуллакх ду иза. 48Нагахь шуна юкъахь Ӏаш волчу тӀевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цӀийнах болу боьрша нах сунтбе. ТӀаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. 49Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Ӏаш волчу стеган а». 50Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхӀаронна а деллачу омранна тӀетайра. 51Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.
Copyright information for
CheCAC2012