‏ Exodus 16

«Манна» а, лекъарчий а

1Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ. 2Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах. 3«Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара.

4 aВезачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. 5ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».

6Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла. 7Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?» 8Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».

9АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“». 10АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. 11Везачу Эло Мусага элира: 12«Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».

13Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара. 14Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира. 15 bУьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю.

Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.
16Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар
Ӏовмар – иза хӀума узучу хенахь цуьнан бараман цӀе ю, масала, кийла а, литр а санна.
гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал».

17Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш. 18 dӀовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера. 19Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш». 20Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара. 21Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.

22ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза. 23 eМусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха». 24Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна. 25Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац. 26Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».

27Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира. 28Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш? 29Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла». 30ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.

31 fИсраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра. 32Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“». 33 gМусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза». 34ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама. 35 hИсраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц. 36(Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.)
Copyright information for CheCAC2012