Exodus 17
Тархах долало хи
(Лелар 20:1-13)
1 aДерриг а Исраилан халкъ Син цӀе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хӀоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара. 2Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе. 3Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?» 4Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХӀун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хӀара дахлахь, цара суна тӀулгаш деттар ду». 5Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тӀаьхьа а хӀиттабай, халкъана хьалха̄хула чекхвала. Айхьа Нил-хи тӀе тухуш лелийна Ӏаса хьайн кара схьаэца. 6Со Хьариб цӀе йолчу меттехь цхьана тарх тӀе хьуна хьалха дӀахӀуттур ву. Ахь тархах Ӏаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тӀаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гӀуллакх кхочушдира Мусас. 7Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.Ӏамалекхахошца тӀом бар
8Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тӀаме бевлира Ӏамалекхахой. 9Мусас ЮшаӀе элира: «Къонахий а харжий, Ӏамалекхахошца тӀом бан гӀо. Кхана, гу тӀе а ваьлла, дӀахӀуттур ву со, Дала тамашийна хӀуманаш гойту Ӏаса сайн буйна а лаьцна». 10Мусас бохург кхочушдеш, Ӏамалекхахошца тӀом бан вахара ЮшаӀ. Муса а, АхӀарон а, Хьор а гу тӀе хьалавелира. 11Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Ӏамалекхахой тулура. 12Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТӀаккха иза тӀулга тӀе охьа а хаийна, АхӀарона а, Хьора а, цхьацца агӀор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дӀалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. 13Иштта Ӏамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаӀа. 14 bВезачу Эло Мусага элира: «ХӀокху тӀамах лаций тептар тӀехь дӀаязде, тӀейогӀучу тӀаьхьенашна хӀара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаӀе ала, Ас Ӏамалекхахой лаьтта тӀера тӀепаза бойур бу алий». 15Цигахь сагӀа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цӀе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. 16Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Ӏамалекхахошца даим а тӀом беш хир бу».
Copyright information for
CheCAC2012