Exodus 2
Муса дуьнен чу валар
1Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. 2 aДоьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо. 3Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо. 4Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу. 5Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца. 6Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду». 7Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо». 8ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета». Вукхо кӀентан нана схьаялийра. 9ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира. 10 bКӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса ▼▼Муса – хӀокху цӀеран маьӀна Ӏебархойн маттахь «схьаваьккхинарг» бохург делахь а, мисархойн маттахь иза, схьахетарехь, «кӀант» бохург ду.
тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела. Муса маданхойн махка вадар
11 d eЦул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ. 12ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас. 13ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?» 14«Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» – элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. 15 fИ гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь, 16тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало. 17Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра. 18Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?» 19Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо». 20Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо». 21Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга. 22Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела. 23Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. 24 gШена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. 25Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.
Copyright information for
CheCAC2012