‏ Exodus 21

Лейх лаьцна Дала тӀедиллинарг

(Карлабаьккхинарг 15:12-18)

1«Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тӀедехкинарш хӀорш ду: 2 aНагахь айхьа Ӏебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза, цунах мах а ца боккхуш. 3Нагахь иза ша веанехь, ша дӀа а хеца. Нагахь иза зудчуьнца хиллехь, цуьнца цхьаьна зуда а дӀаяхийта. 4Нагахь хӀусамдас шен лена зуда а ялийна, зудчо цунна кӀентий я йоӀарий бинехь, шен зуда а, бераш а хӀусамдена а дитина, иза ша дӀаваха веза. 5Амма лено ала тарло: „Сайн хӀусамда а, сайн зуда а, бераш а деза суна, со паргӀатваккхийта ца лаьа суна“. 6ТӀаккха хӀусамдас, лай Далла хьалха а хӀоттийна, неӀарна я неӀаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Ӏуьрг даккха деза, ю а Ӏоьттина. ТӀаккха лай тӀейогӀу мел йолчу хенахь хӀусамдена вуьсур ву.

7Нагахь цхьаммо шен йоӀ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу. 8Нагахь цунах шена гӀарбаш-зуда ян хӀусамда реза вацахь, иза паргӀатъялийта еза цо. Хийрачу къомах болчарна иза йохка бакъо яц цуьнан, иза цуьнца мекарлонца лелла дела. 9Нагахь хӀусамдас иза шен кӀентан дола яккхахь, шен йоӀ санна лело еза цо иза. 10Нагахь цо шена кхин зуда ялаяхь, хьалха ялийна йолчу зудчунна а кхача а, бедар а латтор а, майрачо ден Ӏуналла а лагӀдан ца деза цо. 11Нагахь и кхо хӀума кхочушдеш дацахь, цу зудчунна дӀаяха бакъо яла еза, цунах мах а ца боккхуш».

Ницкъ барх лаьцна тӀедиллинарг

12 b«Нагахь стага валлал чӀогӀа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. 13 cНагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дӀаваха веза. 14Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагӀа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дӀа а вигий, ве иза.

15Дена я нанна тоьхнарг вен веза.

16 dЦхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.

17 eШен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза.

18Шина стеган дов а даьлла, цхьаммо вукхунна тӀулг я буй а тоьхна, иза вала ца лахь, амма метта охьавижахь, 19юха хьала а гӀоттуш, иза гӀожаца чу-ара волуш хилахь, цунна тоьхнарг вен ца оьшу. Амма бехке волчо лазийначунна мах бала беза иза болх ца балуш вуьсучу ханна. Цул сов, бехке волчо лазийнарг Ӏалашван веза, цуьнан могушалла кхоччуш юхаметтахӀотталц.

20Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна гӀаж а тоьхна, иза лахь, цунна таӀзар дан догӀу. 21Амма лазийначунна цхьана-шина дийнахь гӀоле хилахь, хӀусамдена таӀзар дан ца оьшу, хӀунда аьлча цо, ахча а делла, эцна ву и лай.

22Нах летча, цхьаммо берах йолчу зудчунна тоха а тоьхна, иза остаялахь, амма кхин зе дина дацахь, и зуда долахь йолчу стага тоьхна долу гӀуда даккха деза бехке волчуьнгара кхелахоша къобалбечу барамехь. 23Амма дина доккха зе делахь, синах са даккха догӀу, 24 fхьайн бӀаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког, 25вагорна дуьхьал ваго веза, чевнна дуьхьал чов, лазорна дуьхьал лазор.

26Нагахь цхьаммо шен лена я гӀарбашна тоьхна, бӀаьрг баккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза, хӀунда аьлча бӀаьрг иза маьршабовларан мах бу. 27Нагахь хӀусамдас, тоьхна, шен лен я гӀарбашан церг яккхахь, цо уьш паргӀатбаха беза. Церг паргӀатбовларан мах бу».

ХӀусамдена жоп дала дезар

28«Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маӀаш Ӏиттахь, тӀулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хӀусамден бехк бац. 29Нагахь санна сту хьалха а леташ хиллехь, цуьнан хӀусамдега цунах дерг дӀа а аьллехь, амма цо иза дӀа ца бихкинехь, и сту, нагахь санна цо стаг я зуда дехь, тӀулгаш а кхиссина, бен беза, цуьнан хӀусамда а вен веза. 30Нагахь цу хӀусамдена гӀуда тохахь, цо иза дӀадала деза, шен дахар паргӀатдаккхархьама. 31КӀантана я йоӀана старо маӀаш Ӏиттахь, хӀусамдена, хьалхалерниг санна, таӀзар дан догӀу. 32Нагахь лена я гӀарбашна старо маӀаш Ӏиттахь, церан хӀусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тӀулгаш а кхиссина, бен беза.

33Нагахь цхьаммо ор схьадаьстина, я, иза даккха а даьккхина, тӀе хӀума а ца тоьхна, цу чу сту я вир йожахь, 34ор долчо бежана долчу хӀусамдена детица гӀуда такха деза, ткъа делла бежана бехке волчунна дуьсур ду. 35Нагахь цхьаннан старо, лулахочун сту маӀаш а Ӏиттина, бехь, дийна болу сту дӀа а боьхкина, цунах делла ахча шайна юкъахь декъа деза, белла сту а бекъа беза. 36Амма хьалха а, сту леташ буйла а хууш, хӀусамдас иза дӀа ца бихкинехь, бийначу старана дуьхьал сту бала беза цо, ткъа бийнарг цунна буьсур бу».
Copyright information for CheCAC2012