Exodus 22
Хилла зе меттахӀотторах тӀедиллинарг
1«Нагахь цхьаммо сту я уьстагӀ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагӀна дуьхьал биъ уьстагӀ а бала беза. 2ХӀума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цӀий вийначунна тӀехь хир дац, 3амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тӀехь цӀий ду. ХӀума лачкъийначо ша дина зе дӀатакха деза, амма цуьнан дӀадала хӀума дацахь, цо дина зе меттахӀоттош, иза вохка веза. 4Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хӀума – сту белахь, я вир елахь, я уьстагӀ белахь а – дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза. 5Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дӀа а хецна, нехан дӀайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дӀадала деза цо. 6Нагахь цхьаммо цӀе латаяхь, ткъа цу цӀеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цӀевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дӀакхаллахь, цӀе латийначо цу цӀеро дина зе меттахӀотто деза. 7Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Ӏалашдан дато ахча я хӀуманаш лахь, амма цуьнан цӀа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза. 8Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза. 9Шина стагана юкъахь муьлхха а хӀуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагӀах, я бедарх, я яйначу хӀуманах – къовсам белахь, и гӀуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза. 10Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Ӏалашъян я вир, я сту, я уьстагӀ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча, 11Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чӀагӀо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тӀе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тӀеэца деза, вукхо мах бала а ца беза. 12Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богӀу мах даьхнин дена дӀабала беза и даьхни тӀелаьцначо. 13Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дӀагайта еза, тӀаккха хӀусамдена даьхних мах бала безар бац. 14Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза. 15Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богӀу мах хир бу».ГӀиллакх-оьздангаллех а, динах а тӀедиллинарг
16 a«Нагахь маре яхаза йоӀстаг Ӏеха а йина, цуьнца цхьаъ дӀавижахь, йоӀах богӀу мах дӀа а белла, иза яло еза цу стага. 17Ткъа нагахь йоӀан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоӀах томана богӀу мах дӀабала беза. 18 bЖинашца тайнарг дийна ма йита. 19 cБежанца дӀавижнарг ве. 20 dВеза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве. 21 eТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш. 22Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де. 23Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. 24ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду. 25 fНагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе. 26 gНагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дӀабузале юхало иза цунна, 27хӀунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегӀ дохдеш долу. ДӀа муха вуьжур ву иза, тӀетесна хӀума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хӀунда аьлча Со къинхетаме ву. 28 hДалла а ма ле, халкъана тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна неӀалт а ма кхайкхаде. 29Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна. 30Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхӀ дийнахь шайн наношца а дитий, борхӀалгӀачу дийнахь схьало уьш. 31 iШу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».
Copyright information for
CheCAC2012