‏ Exodus 23

Нийсачу кхелах лаьцна

1 a«Даьсса хабар дӀаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гӀо ма де. 2Дуккха а нахана тӀаьхьа а хӀоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта. 3 bКъечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.

4 cНагахь хьайн мостагӀчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тӀе дӀадига деза уьш. 5Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Ӏуьллуш хьан мостагӀчун вир хилахь, цигара дӀа ма гӀо, гӀо де цунна, и вир юха когаш тӀе хӀоттош.

6 dКъечу стагана ен кхел бакъдолчунна тӀера ма ялийта. 7Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хӀунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац. 8Кхаьънаш ма эца, хӀунда аьлча цара са гуш верг бӀаьрзе во, бакъболчеран гӀуллакх талхадо.

9 eТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».

ВорхӀалгӀачу шарах а, ворхӀалгӀачу дийнах а лаьцна

10 f«Ялх шарахь хьайн латта дӀа а де, цу тӀера ялта а гулде. 11ВорхӀалгӀачу шарахь иза дӀа ма де, лаьтте садаӀийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.

12 gЯлх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.

13Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».

Кхаа дезачу дийнах лаьцна

(Арадаккхар 34:18-26; Карлабаьккхинарг 16:1-17)

14«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. 15 hСовсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.

16 iАйхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде.

Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.
17ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.

18Дийнатан цӀийн сагӀа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагӀина даьккхинчун мохь Ӏуьйренга ма ялийта.

19 jХьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да.

Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

ВаӀданаш а, хьехамаш а

20«Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Ӏалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дӀавига а. 21Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна. 22Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. 23Сан Малико, хьалха а даьлла, дӀавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаӀанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тӀе вуьгур ву хьо, амма Ас хӀаллакбийр бу уьш. 24Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде. 25Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю. 26Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.

27Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. 28Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаӀанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дӀа. 29Амма уьш цхьана шарахь дӀалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тӀех дукха ца хилийта. 30Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дӀадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хӀара латта ахь дола даккхалц. 31Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. 32Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. 33Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».
Copyright information for CheCAC2012