Exodus 25
Делан цӀенна лерина совгӀаташ
(Арадаккхар 35:4-9)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка, Суна совгӀаташ да алий. Даггара сагӀа дала лууш лелачу хӀора стагера Суна лерина совгӀаташ схьаэца. 3Аш схьаэца езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: деши а, дети а, цӀаста а, 4сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, 5цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а, 6къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, 7ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а тӀехӀитто оникс цӀе йолу беза тӀулг а, кхидолу деза тӀулгаш а. 8Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву. 9Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».Бартбаран тӀорказах лаьцна
(Арадаккхар 37:1-9)
10«Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. 11Чухула а, тӀехула а цӀена деши лаца цунна. ТӀорказна тӀехула, цунна гонах, дашо сара лаца. 12ТӀорказна йиъ дашо чӀуг а яй, беа когахь дӀачӀагӀъе уьш: шиъ цхьана агӀор, шиъ вукху агӀор. 13Акацих хьокхий а дай, тӀехула деши лаца царна. 14Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. 15ЧӀагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тӀорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дӀадаха ца могуьйту. 16ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама. 17 aДала къинош дӀадоху негӀар а де цӀеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза. 18Туьйсинчу деших негӀарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негӀарна тӀехь шина агӀор хила деза. 19Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор а долуш, и шиъ негӀарца дийнна цхьа хӀума хила деза. 20Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негӀарна тӀедирзина а хир ду и каруб-маликаш. 21НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. 22Тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негӀарна тӀехула хьуна дуьхьал а вогӀур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тӀедуьллур ду Ас хьоьгахула».Даздина баьпкаш тӀедохкучу стоьлах лаьцна
(Арадаккхар 37:10-16)
23«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 24Цунна гонах деши а лаций, тӀаккха гонах дашо сара лаца. 25Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тӀе а дашо сара лаца. 26Стоьлана йиъ дашо чӀуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тӀехь, дӀачӀагӀъе. 27Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь хила еза. 28Хьокхий а акацих де, царна тӀехула деши лаца. Царна тӀехь лелор ю и стол. 29Стоьлана тӀехӀитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. ЦӀеначу деших е и хӀуманаш. 30 bЦу стоьла тӀехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».Стогарх лаьцна
(Арадаккхар 37:17-24)
31«ЦӀеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гӀад а, цу тӀехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. 32Ялх га хила деза цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор. 33Цхьана гаьнна тӀехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тӀехь хила деза уьш. 34Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гӀода тӀехь. 35Стогаран гӀодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза. 36Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших дина хила деза. 37ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта. 38ЦӀеначу деших тукарш а, нойш а е цунна. 39Берриг а шен гӀирсашца цхьана галин барамехь долчу цӀеначу деших бе и стогар. 40 cВарелахь, лам тӀехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».
Copyright information for
CheCAC2012