‏ Exodus 27

СагӀа доккхучу кхерчах лаьцна

(Арадаккхар 38:1-7)

1«Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. 2Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхала. 3Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. И хӀуманаш цӀастанах йина хила еза. 4ЦӀастанах цаца бе кхерчана тӀебилла. Цецан еа маьӀӀехь цӀастанах цхьацца чӀуг е. 5Кхерчан хӀазарна кӀел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш. 6Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тӀе а цӀаста лаца. 7Хьокхий чӀагаршна чу хӀиттаде, кхерч дӀахьочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. 8Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тӀехь хьайна ма-гайттара».

Делан четаран кертахь

(Арадаккхар 38:9-20)

9«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш охка, церан йохалла бӀе дол хила еза. 10Ткъа бӀогӀам а, ткъа цӀестан бух а хӀоттабе царна. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, царна тӀера дӀатосургаш а дато хила еза. 11Иштта къилбаседехьа агӀор а бӀе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а кечбе. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих е. 12Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе. 13Кертан шоралла, малхбалехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе. 14Цхьана агӀор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе. 15Вукху агӀор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе. 16Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бӀогӀам а, биъ бух а кечбе. 17Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих йинчу дӀатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тӀера мӀерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цӀастанах бина хила беза. 18Керт йохалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих хила еза, бӀогӀамийн баххаш цӀестан хила деза. 19Делан четар чохь лело гӀирсаш а, иза чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀастанах дина хила деза».

Стогар Ӏалашбарх лаьцна

(Ӏамалъяр 24:1-4)

20«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 21Гуламан четар чохь бартбаран тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна исраилхойн тӀаьхьенашна тӀедиллина ду иза».
Copyright information for CheCAC2012