Exodus 28
Динан коьртачу ден АхӀаронан духарх лаьцна
(Арадаккхар 39:1-7)
1«Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза. 2Хьайн вешина АхӀаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. 3Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий. 4Цара кечдан деза духарш хӀорш ду: некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а, ийпад а, тӀехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кӀадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дайта, Суна гӀуллакх деш динан дай уьш хилийта. 5Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а схьаэцийта. 6Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а ийпад цӀе йолу тӀехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. 7Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агӀо цхьаьнатесна хилийта. 8Ийпадна тӀехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а дина хила деза иза. 9Оникс цӀе йолу ши беза тӀулг схьа а эций, царна тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш язъе: 10ялх цӀе цхьана безачу тӀулга тӀехь, важа ялх вукху безачу тӀулга тӀехь, вокх-воккхачу кӀентан цӀе хьалха а язъеш. 11МухӀар дечу пхьере шина тӀулга тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хӀиттадайта и тӀулгаш. 12Ийпадан гураш тӀехь чӀагӀъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхӀарона шен белшаш тӀехь лелор ю и цӀераш, уьш дагахь латтийта. 13Деших беттанаш е. 14ЦӀеначу деших юьйцина ши зӀе а яй, уьш беттанаш тӀе дӀатийса».Некха хьалха уллучух лаьцна
(Арадаккхар 39:8-21)
15«Говзачу балхаца некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина хила еза иза а. 16ЕакӀов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш. 17Дашо беттанаш чохь деза тӀулгаш дахка безачу тӀоьрмагна тӀе беа могӀарехь. Цхьана могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. 18ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта. 19КхозлагӀчу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта. 20БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хӀиттийна хила деза уьш. 21ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза. 22ЦӀеначу деших юьйцина зӀенаш е безачу тӀоьрмага тӀе таса. 23Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган шина маьӀӀе дӀатаса уьш. 24Юьйцина ши зӀе оцу шина чӀагарх дӀатаса. 25Шина зӀенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агӀор долчу ийпадан гурашна тӀехь йолчу шина баттах дӀатаса. 26Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьӀӀе дӀатаса уьш. Ши дашо чӀуг а яй, безачу тӀоьрмагна чухула ийпад йолчу агӀор дӀатаса уьш. 27Кхин а ши дашо чӀуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агӀор, доьхкарна тӀехула дӀатаса уьш. 28Беза тӀоьрмаг шен чӀагаршца сийначу эханган тӀергаца ийпадан чӀагарех дӀабехка, ийпадан доьхкарна тӀехула а болуьйтуш, ийпадах дӀа а ца къостуьйтуш. 29Ша Делан четар чу воьдуш, АхӀарона безачу тӀоьрмага тӀехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цӀераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта. 30 aБезачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш ▼▼Урим а, Тумим а – Делан лаам хаархьама, динан дас лелош болу ши тӀулг. Билггал цаьрца деш дерг хууш дац.
. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона». Динан дайн духар
(Арадаккхар 39:22-31)
31«Ийпадаца юха оба е сийначу басахь. 32Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза. 33Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш. 34Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх. 35Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта. 36ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. 37Чалбанан хьалхарчу агӀор сийначу тӀергаца дӀатаса иза. 38АхӀарона иза шен коьрта тӀехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагӀанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тӀе лоцур бу. Веза Эла оцу сагӀанашна резахилийта, массо а ханна АхӀарона шен коьрта тӀехь лело еза и экъа. 39Дуткъачу кӀадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кӀадих. Доьхка тир яьккхина хила деза. 40АхӀаронан кӀенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хӀуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. 41Хьайн вешина АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀедуха и духарш. Царна тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дӀа а къастош, тӀаккха Суна лерина гӀуллакх деш динан дай хир бу царах. 42Дуткъачу кӀадих, гӀодаюкъара гӀогӀаш тӀе кхаччалц дегӀ хьулдеш, бедар кечъе царна. 43И бедарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀехь хила еза, уьш гуламан четар чу богӀуш а, езачу чоьнна чохь гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе богӀуш а, царна тӀе бехк а биллина, уьш хӀаллак ца хилийтархьама. АхӀаронна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду иза».
Copyright information for
CheCAC2012