Exodus 29
Динан дай къобалбан тӀедехкинарш
(Ӏамалъяр 8:1-36)
1«Суна лерина гӀуллакх дан царах динан дай беш, ахь хӀара дан деза: кхиъна йогӀу старгӀа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза), 2совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кӀенан демах дина хила деза. 3Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгӀица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада. 4АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, гуламан четаран неӀаре схьа а балабай, хица лийчабе. 5Духарш схьа а эций, АхӀаронна тӀе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тӀоьрмаг а олла, юкъах ийпада тӀехула доьхка а дехка. 6Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тӀехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чӀагӀде. 7Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхӀаронан коьрта тӀе дотта, иза къобал а веш. 8Схьа а балабай, цуьнан кӀенташна тӀе кучамаш юха. 9Царна ▼▼Царна – иштта ду грекахойн гочдар тӀехь. Ӏебархойн маттахь: АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а.
юкъах доьхкарш а дехка, кортош тӀе кӀадинан асанаш а яхка, тӀаккха царах ерриг а тӀейогӀучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Суна леррина гӀуллакх дан къобалбийр бу ахь. 10СтаргӀа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду. 11Делан цӀенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгӀина. 12СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта. 13Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доӀах тӀехь йолу мохь а, шайна тӀера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. 14СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду. 15Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду. 16Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀий схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цинцаш тоха. 17Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тӀеяхка. 18 bБерриг а ка сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. Иза дийнат дагоран цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 19Важа ка а схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тӀе дохкур ду. 20Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха. 21Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагӀа доккхучу кхерча тӀера цхьажимма цӀий а, схьа а эций, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тӀетоха, цуьнан кӀенташна а, церан бедаршна а цинцаш тӀетоха. ТӀаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кӀентий а базбина хир бу. 22АхӀарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доӀахана тӀера мохь а, ши жим а, царна тӀера мохь а, аьтту гӀогӀ а схьаэца. 23Везачу Элана хьалха дӀахӀоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца. 24И дерриг а АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дилла. ТӀаккха цаьрга и хӀуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайийта. 25Юха, цаьргара схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀина тӀехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду. 26АхӀарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа иза. 27Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а. 28ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь. 29АхӀаронна дина деза духарш цуьнан кӀенташна дуьсур ду, и духарш шайна тӀехь а долуш, уьш, тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбархьама. 30ВорхӀ дийнахь и духарш лело деза АхӀаронан метта веанчу цуьнан кӀентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гӀуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас. 31АхӀарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде. 32Гуламан четаран неӀарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а. 33АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а къинош дӀадахаран Ӏадатехь, Суна хьалха гӀуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна. 34Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Ӏуьйре тӀекхаччалц хӀума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хӀунда аьлча иза беза кхача бу. 35АхӀаронца а, цуьнан кӀенташца а дан дезарг Ас хьайна тӀе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гӀуллакх дан уьш къобалбар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза. 36ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта. 37ВорхӀ дийнахь иштта къа дӀадоккху сагӀанаш даха, кхерч баз а беш. ТӀаккха иза чӀогӀа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду». ХӀора дийнахь доху сагӀанаш
(Лелар 28:1-8)
38«ХӀора дийнахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цхьа шо кхаьчна ши Ӏахар сагӀина боккхур бу ахь. 39Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баккха, важа сарахь баккха. 40Хьалхарчу Ӏахарца иштта сагӀанаш даха: кхачанан сагӀа санна хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархӀ кад дама, ткъа чагӀаран сагӀа санна биъ кад чагӀар. 41ШолгӀа Ӏахар сарахь, сагӀа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даккха. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 42Иштта дагоран сагӀа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хӀуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. 43Цу меттехь исраилхошна хьалха хӀуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. 44Гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Ас дӀакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гӀуллакх дайта. 45Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. 46Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Ӏархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».
Copyright information for
CheCAC2012