d Арадаккхар 6:2, 3.
h Арадаккхар 12:35, 36.

‏ Exodus 3

Дала Муса къобалвар

1Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран
Итар – РаӀал аьлла, кхин цӀе а яра цуьнан.
, уьстагӀий дажош вара Муса. Цкъа уьстагӀий дажош, генна яьссачу арахула дӀавахна, Хьариб цӀе йолчу Делан лам тӀе кхечира иза.
2 bВезачу Элан Малик дуьхьалхӀоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цӀе леттера. ЦӀе леттехь а, йогуш яцара и колл. 3Мусас элира: «ТӀеваха веза со оцу инзаречу хӀумане хьажа. Колл хӀунда ца йогу?»

4Муса тӀевогӀуш Шена гича, Веза Эла
Веза Эла – кхузахь Везачу Элан Малик а, Веза Эла а цхьаъ ду.
кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!»

«Со кхузахь ву!» – элира Мусас.

5Дала элира: «ТӀе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дӀаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду. 6Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.

7Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. 8ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ. 9Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина. 10ХӀинца Ас хьо пирӀунна тӀе вохуьйту. Ваха а гӀой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».

11Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирӀунна тӀеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»

12Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хӀара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тӀехь Суна Ӏамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».

13 dЮха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тӀе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тӀе“. Цара соьга хоттур ду: „ХӀун ю Цуьнан цӀе?“ТӀаккха, хӀун ала деза ас цаьрга?»

14 eДала Мусага элира: «Со „Со Верг“ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“». 15Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло
Веза Эла – ма-дарра аьлча, Ӏебархойн маттахь долу хӀара ши дош «Ша волуш Верг» боху маьӀна долуш ду.
, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь
Абадехь – даима.
, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша.
16Ваха а гӀой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. 17Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.

18Исраилхойн къаноша хьоьга ладугӀур ду. Уьш а эций, пирӀунна тӀегӀо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Ӏебархойн Дела, веана тхо долчу. ДӀахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дӀа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагӀа даккха дезаш ду тхо“. 19Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. 20Ас, Мисарна тӀехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хӀуманаш гойтур ду цу махкахь, тӀаккха цо шу дӀахоьцур ду.

21 hМисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац. ХӀора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Ӏаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хӀума а, еза тӀеюху хӀума а еха еза. Цу хӀуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дӀахьур ду».22

Copyright information for CheCAC2012