Exodus 32
Дашо старгӀа
(Карлабаьккхинарг 9:6-29)
1 aМуса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна ▼▼Дела ве тхуна – я иштта: цхьаболу деланаш бе тхуна.
». 2АхӀарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кӀентийн а, йоӀарийн а лергех йохку дашо чӀагарш, схьа а яхий, со волчу схьая». 3Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чӀагарш схьа а яьхна, уьш АхӀаронна схьаеара. 4 cНехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ▼▼Хьан дела ву хӀара – я иштта: хьан деланаш бу хӀорш.
ву хӀара, Исраилан халкъ!» 5Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагӀа доккху меттиг а кечйина, АхӀарона дӀахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». 6 eШолгӀачу дийнахь, хьалххе хьала а гӀевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш. 7Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. 8Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара ▼▼Хьан дела ву хӀара – я иштта: хьан деланаш бу хӀорш.
, Исраилан халкъ!“» 9Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. 10ХӀинца вита Со, царна Сан оьгӀазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хӀаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». 11 gАмма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тӀе Хьайн оьгӀазалла иштта хӀунда юссуьйту Ахь? 12Мисархошка хӀунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тӀера хьаькхна дӀабаха а“. Хьайн оьгӀазло дӀа а яккхий, дохко а валий, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ. 13 hДагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“». 14ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо. 15Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара. 16И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тӀехь долу йоза а Дала яздина дара. 17Наха ен гӀовгӀанаш а хезна, ЮшаӀа Мусага элира: «ТӀеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь». 18Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду». 19Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо. 20Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо. 21«ХӀокху наха хьуна хӀун дина, сел чӀогӀа къа ахь кхаьрга латадайта?» – аьлла, хаьттира Мусас АхӀароне. 22«ОьгӀаз ма гӀолахь, сан эла, – аьлла, жоп делира АхӀарона, – хьуна ма хаьа, хӀара халкъ вониг дан атта дӀадоьрзийла. 23Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна ▼▼Дела ве тхуна – я иштта: цхьаболу деланаш бе тхуна.
“. 24Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, – аьлла. Цара схьаделча, ас иза цӀерга кхоьссира, цунах хӀара старгӀа хилира». 25Мусана гира халкъан эргӀаддалар, АхӀарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагӀашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хӀинца. 26Шайн меттаматтан кевнехь дӀа а хӀоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тӀевола!» Берриг а левихой цунна тӀебахара. 27Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“». 28Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара. 29ТӀаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хӀунда аьлча шайн кӀенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина». 30ШолгӀачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХӀинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас». 31Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина ▼▼Дела а вина – я иштта: деланаш а бина.
. 32 kХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера». 33Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тӀера дӀавойур ву. 34ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш». 35АхӀарона дина старгӀин сурт бахьана долуш, халкъана таӀзар дира Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012