Exodus 35
Шоьтан садоӀучу дийнах лаьцна тӀедиллинарг
1Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду: 2 aялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву. 3Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае».Делан четарна лерина совгӀаташ
(Арадаккхар 25:1-9)
4Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду: 5шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а, 6сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, 7цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а, 8къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, 9оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а».Делан четарна лерина хӀуманаш
(Арадаккхар 39:32-43)
10«Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза: 11деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а, 12бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а, 13стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а, 14четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а, 15хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а, 16дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 17кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а, 18четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а, 19Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)».Халкъо деана совгӀаташ
20Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара. 21Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара. 22Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо – божарша а, зударша а – мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана. 23Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара. 24Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза. 25Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара. 26И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора. 27Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара, 28ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан. 29Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.Делан четар деш болу пхьераш
(Арадаккхар 31:1-11)
30Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу. 31Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. 32Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, 33деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а. 34Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо. Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».35
Copyright information for
CheCAC2012