Exodus 40
Гуламан четар дӀахӀоттор а, къобалдар а
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дӀахӀоттаде. 3Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий. 4Юха, чу а яй, стол а, цу тӀехь хӀиттайо хӀуманаш а дӀахӀиттае. Стогар а схьаба, цу тӀе цуьнан къуьданаш хӀиттабе. 5Хаза хьожа йоккху хӀума шена тӀехь ягош болу дашо кхерч тӀорказна хьалха хӀоттабе. Четаран неӀарехь шаршу а олла. 6СагӀина лерина шена тӀехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хӀоттабе. 7Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хӀоттадай, цу чу хи дотта. 8Гонах керт а хӀоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла. 9ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа. 10СагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а тӀе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тӀаккха иза къаьсттина беза хир бу. 11Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде. 12АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, четарна улло а балабай, хица цӀанбе. 13Даздина духарш АхӀаронна тӀе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гӀуллакх деш динан да хилийта. 14Цуьнан кӀентий схьа а балабай, царна тӀе а юха кучамаш. 15Айхьа церан дена тӀе ма-доттара, даьтта дотта царна тӀе а, Суна гӀуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тӀаьхьенаш а хир ю Суна гӀуллакх деш, динан дай а хилла». 16Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас. 17Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дӀахӀоттийна Везачу Элан четар. 18Мусас четар дӀахӀоттийра. Цкъа хьалха бух а хӀоттийна, юха бӀогӀамаш дӀа а хӀиттийна, гураш а хӀиттийна, хьокхий охьадехкира цо. 19Юха цу четарна тӀехула кхалор а хӀоттийна, тхов тӀе хӀума а йиллина, иза дӀакъевлира, Везачу Эло тӀе-ма-диллара. 20ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас. 21ТӀорказ, четар кӀел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дӀакъевлира цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. 22Четара кӀел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агӀор стол хӀоттийра цо. 23Цу тӀе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хӀиттийра цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара. 24Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хӀоттийра. 25Везачу Элана хьалха къуьданаш хӀиттийра Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара. 26Четарна кӀелахь шаршуна хьалха шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу дашо кхерч хӀоттийра цо. 27Цу тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийра Мусас, Везачу Эло тӀе-ма-диллара. 28Четаран неӀарехь шаршу оьллира цо. 29Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хӀоттийра цо. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀенан сагӀанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. 30Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттийна, цу чу хи доьттира цо. 31Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь. 32ХӀоразза а четарна кӀел доьлхуш а, кхерчана тӀе доьлхуш а дегӀан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара. 33Четарна а, кхерчана а гонах керт а хӀоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.Четарна тӀехула марха хӀоттар
(Лелар 9:15-23)
34 aДелан четарна гонах марха хӀоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. 35Муса Делан четарна кӀел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. 36Делан четарна тӀера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой. 37Марха Делан четарна тӀехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дӀа ца боккхура. 38Дийнахь Везачу Элан марха четарна тӀехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цӀе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.
Copyright information for
CheCAC2012