Exodus 5
Муса а, АхӀарон а пирӀун волчу воьду
1Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“». 2Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац». 3Цу шиммо элира: «Ӏебархойн Дала тӀекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дӀадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагӀа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хӀаллак ца дайта». 4ПирӀуно элира цаьрга: «Муса, АхӀарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДӀа а гӀой, шайн гӀуллакх де». 5Кхин а элира цо: «ХӀокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш». 6Оццу дийнахь исраилхошна тӀехӀиттийна болчу нахе пирӀуно омра дира: 7«ХӀинца чул тӀаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча. 8Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, – бохуш. 9Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта». 10ТӀехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирӀуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху. 11Даха а гӀой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». 12Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой. 13ТӀехӀиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хӀора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга. 14ПирӀунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хӀунда ца йо аша?» – бохуш. 15Оцу исраилхоша, пирӀунна тӀе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хӀунда бойту ахь? 16Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТӀехӀиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду». 17Амма пирӀуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагӀа даккха гӀур ду тхо“. 18ДӀа а гӀой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». 19«ХӀора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тӀебеана бала гира исраилхошна. 20ПирӀун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхӀарон а гира царна. 21Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта». 22Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти? ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».23
Copyright information for
CheCAC2012