Exodus 6
1ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХӀинца гур ду хьуна Ас пирӀунна дендерг. Онда куьг шена тӀехь хааделча, цо дӀахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».Дала Муса юха а къобалвар
2 aЮха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву. 3ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац. 4Ас барт бина цаьрца, КанаӀанан латта царна дӀалур ду аьлла. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара. 5Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна. 6Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш. 7Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тӀаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Ӏазапах кӀелхьардаьхна волу. 8Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“». 9Мусас и дерриг а исраилхошна дӀадийцира, амма цара ла ца дуьйгӀира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна. 10ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: 11«Мисаран паччахь волчу пирӀунна тӀе а гӀой, исраилхой шен махкара дӀабахийта ала цуьнга». 12Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогӀа, пирӀунна-м муххале а луур дац. Цу тӀе сан къамел говза а дац». 13Мусаца а, АхӀаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тӀедиллира Исраилан халкъаца а, пирӀунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тӀедожийра Цо.Мусан а, АхӀаронан а дай
14Мусан а, АхӀаронан а дайн тӀаьхьенаш хӀорш яра: Исраилан хьалхарчу кӀентан цӀе Раабан яра. Раабанан кӀентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.15ШимӀин кӀентий бара Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул. Царах ШимӀех схьадевлла гаранаш хилира.
16 bЛеви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 17ГӀиршанан кӀентий бара Ливани а, ШамаӀи а.
18КхахӀат бӀе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара Ӏамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Ӏузиал а.
19Мерарин кӀентий бара Махьли а, Мушхьи а.
Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тӀаьхьенаш яра. 20Ӏамрам бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кӀант вара – АхӀарон а, Муса а.
21Ицхьаран кӀентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.
22Ӏузиалан кӀентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.
23АхӀарона Ӏамминадабан йоӀ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхӀаронна вира Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а.
24Кхорахьан кӀентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.
25АхӀаронан кӀанта ЭлиӀазара Путиалан йоӀарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиӀазарна Пайнехьас вира.
Левин тӀаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца. 26АхӀарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара. 27Цара аьллера Мисаран паччахье, пирӀуне, исраилхой Мисар-махкара дӀабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхӀарон а. 28Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира. 29Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирӀуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дӀаала». Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугӀур дуй те пирӀуно?»30
Copyright information for
CheCAC2012