‏ Exodus 7

1Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву. 2Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла. 3 aАмма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас. 4Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. 5ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».

6Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. 7Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.

АхӀаронан Ӏаса

8Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 9«Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу». 10ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Ӏасанах лаьхьа хилира. 11ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира. 12Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш. 13ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.

Хьалхара таӀзар: цӀий

14ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца. 15Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций. 16Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга. 17 bВезачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду. 18Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».

19Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».

20Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира. 21Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара. 22Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо. 23Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза. 24Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.

25ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.
Copyright information for CheCAC2012