‏ Exodus 9

ПхоьалгӀа таӀзар: даьхни тӀехь цамгар

1Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта’. 2Нагахь санна дӀахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь, 3Везачу Эло шен таӀзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тӀе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагӀашна, гезаршна тӀе даьӀнаш долу луьра ун кхетар ду. 4Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». 5Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тӀехь».

6ШолгӀачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хӀумма а ца хилира. 7ПирӀуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.

ЯлхалгӀа таӀзар: наткъарш

8Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирӀунна а гуш. 9Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гӀаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». 10 aПешара юкъ а эцна, пирӀунна хьалха хӀоьттира Муса а, АхӀарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тӀехь чевнаш хӀиттира, ноткъа а йолуш. 11Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хӀунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тӀехь чевнаш йолуш бара. 12Амма Везачу Эло чӀагӀдинера пирӀунан дог, цо ла ца дуьйгӀира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.

ВорхӀалгӀа таӀзар: къора

13Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна тӀе а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта. 14ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта. 15Сан куьг шуна тӀехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тӀера дӀадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. 16 bАс Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тӀехь массо а адамна Сайн цӀе йовзийта. 17Амма хьо хӀинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дӀа ца хоьцуш. 18Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. 19Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тӀе къора а кхетта, уьш хӀаллакьхир ду’“». 20Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирӀунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цӀеношкахь дӀагулдира. 21Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тӀе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.

22Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю». 23Мусас шен Ӏаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тӀе къора туьйхира Везачу Эло. 24 cКъора яра схьайогӀуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тӀе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чӀогӀа къора яра иза. 25Арахь дерг адамна тӀера даьхнина тӀе кхаччалц хӀаллакдира къорано, буц а дӀаяьккхира, дитташ а кегдира. 26Амма исраилхой Ӏаш болчохь, ГӀашанахь, къора ца туьйхира.

27Мусага а, АхӀароне а схьа а кхайкхина, пирӀуно элира: «ХӀинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду. 28ДоӀа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дӀадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».

29Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. 30Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хӀинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».

31Вета а, мукх а хӀаллакдинера, хӀунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хӀу теснера. 32ТӀаьхьа кхуьуш долу дела, кӀена хӀумма а ца хиллера.

33ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра. 34ДогӀа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирӀуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. 35Дог а чӀагӀдина, исраилхой дӀа ца хийцира пирӀуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.
Copyright information for CheCAC2012