‏ Exodus 1

Исраилхой Мисар-махкахь Ӏаш бу

1 aЯкъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: 2Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, 3Иссархан, Забул, Бен-Яман, 4Дан, Наптал, Гада, Ашар. 5Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.

6Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дӀабевллера. 7 bТкъа Исраилан тӀаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.

8 cЮха Мисар-махкахь керла пирӀун
ПирӀун – Мисар-мехкан паччахь.
хӀоьттира, цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.
9Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. 10 eИсраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тӀом балахь, уьш вайн мостагӀех дӀа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дӀагӀур бу». 11Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто. 12Амма оцу халкъана тӀехь гӀело мел йо а, иза тӀеттӀа дебара, цу махкахула дӀасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. 13Цундела кхин а чӀогӀа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. 14Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.

15Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гӀо деш яра Шапарат а, ПуӀа а цӀераш йолу ши зуда. ПирӀуно омра дира цаьрга: 16«Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», – аьлла. 17Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирӀуно бохург ца дора, цара кӀентий дийна буьтура. 18ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хӀун ду аша деш дерг? КӀентий дийна хӀунда буьту аша?»

19Шина зудчо пирӀуне элира: «Ӏебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тӀекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан». 20Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Ӏебархойн халкъ тӀеттӀа алсамдолуш дара. 21Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира. 22 fТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», – аьлла.
Copyright information for CheCAC2012