‏ Exodus 14

Исраилхой хӀорда юккъехула бахар

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка дӀаала, юха а дерзий, Пи-ХӀахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цӀе йолчу меттигний, хӀорданий юккъехь, БаӀал-Цепонна уллохь яккха. 3ПирӀунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу. 4Ас пирӀунан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха иза шуна тӀаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирӀунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТӀаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.

5Мисаран паччахье, пирӀуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хӀун ду вай динарг? ХӀунда бахийти вай уьш дӀа? ХӀинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара. 6Шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, тӀемалой вовшахтуьйхира пирӀуно. 7Ялх бӀе тоьлла тӀеман гӀудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гӀудалкхаш а, царна тӀехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо. 8Везачу Эло дог а чӀагӀдина, исраилхошна тӀаьхьаваьллера пирӀун. Ткъа исраилхой майрра дӀабоьлхуш бара. 9Мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тӀаьхьабевллера. Пи-ХӀахьират олучу меттигна уллохь, БаӀал-Цапонна хьалха царна тӀаьхьакхиира уьш.

10Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. 11Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? 12ХӀара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гӀоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».

13Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. 14Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».

15Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хӀунда кхойкху хьо? Исраилхошка дӀадуьйлало ала. 16Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу. 17Ас мисархойн дегнаш чӀагӀдийр ду, тӀаккха уьш исраилхошна тӀаьхьагӀур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирӀунна а, цуьнан эскарна а, гӀудалкхашна а, дошлошна а тӀехь толам а баьккхина. 18Аса пирӀунна тӀехь а, цуьнан гӀудалкхашна тӀехь а, цуьнан дошлойшна тӀехь а Сайн сийлалла гайтича, тӀаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».

19Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тӀехьа хӀоьттира, тӀаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бӀогӀам а нахана тӀехьа хӀоьттира. 20Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хӀоьттира марханийн бӀогӀам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дӀаяллалц тӀеттӀа ца бахара уьш.

21Мусас хӀорда тӀехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чӀогӀа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хӀорд дӀаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. 22 aХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна. 23ТӀаьхьабевлла богӀу мисархой шайн ерриг а говрашца, гӀудалкхашца, дошлошца хӀорда юккъе бевлира. 24Ӏуьйранна марханийн а, цӀеран а бӀогӀамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. 25Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»

26Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хӀорда тӀехула лаца, тӀеттӀа хьаьддачу хино мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а дӀахьулбийр бу». 27Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш. 28Шен метте юхадеанчу хино гӀудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тӀаьхьадаьллачу пирӀунан эскарх цхьа а дийна ца висира. 29Амма хӀорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тӀехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агӀор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.

30Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьарбехира. ТӀаьхьо исраилхошна хӀордан берда тӀехь мисархойн декъий гира. 31Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.
Copyright information for CheCAC2012