‏ Exodus 15

Мусас яьккхина назма

1 aТӀаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира:

«Ас Везачу Элана назма олу,
И сийлахь-воккха хиларна.
Дин а, бере а цхьаьна
Цо хӀорда чу кхоьссина.
2 bВеза Эла сан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа ас назма олу,
Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела.
Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас.
Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
3Веза Эла сийлахь тӀемало ву,
Цуьнан цӀе ЯхӀува
ЯхӀува – цу дешан маьӀна «Волуш Верг» бохург ду. Хьовса 3:14.
ю.

4ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо,
тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.
5КӀоргачу хиша уьш къайлабехира.
ТӀулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.

6Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду.
Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагӀа хӀаллаквина.
7Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш.
Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.
8Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна,
пен санна, дӀахӀоттийра.
ХӀордан кийрара хи дукъделира.
9МостагӀчо элира: „Царна тӀаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас,
церан хьал схьа а доккхур ду.
Тур а даьккхина, сайн дог Ӏабош, сан куьйго уьш хӀаллак а бийр бу“.
10Амма Ахь царна тӀе мох хьаькхира,
тӀаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хӀордан буьрсачу хиша дӀахьулбира.

11Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь?
Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а,
инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?
12Ахь аьтту куьг тесча,
уьш Лаьтто дӀахьулбира.
13Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ,
онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.
14Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду.
ПӀелаштамхойн халкъ кхерамо Ӏадийна хир ду.
15Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу,
Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу,
КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.
16Кхерамо Ӏадор бу уьш!
Хьан сийлахь куьг а гина,
тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш,
Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц,
мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.
17ДӀа а дигна, Хьайн цӀенна хаьржинчу метте
охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла,
Хьайна хӀусам Ахь йинчу метте,
Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦӀийне!
18Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».

Марема йиш лакхар

19Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.

20АхӀаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тӀаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. 21Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду.
Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».

Къаьхьа хи

22Исраилхой Эрзан хӀорда тӀера дӀабигира Мусас. Шур цӀе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дӀаоьхуш, хи ца карадора царна. 23Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду). 24Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» – бохура цара. 25Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира.

Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала.
26Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».

27Элим цӀе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.
Copyright information for CheCAC2012