‏ Exodus 20

Делера болу итт хьехам

(Карлабаьккхинарг 5:1-21)

1Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира: 2«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
3Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.
4 aЦхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. 5 bЦарна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до. 6Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
7 cВезачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
8 dШоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 9 eЯлх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 10Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. 11 fВезачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.
12 gШайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.
13 hАдам ма де.
14 iНахаца ма лела.
15 jКъола ма де.
16 kШайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
17 lШайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».

Халкъ кхоьру

(Карлабаьккхинарг 5:22, 23)

18 mДерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. 19Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».

20Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». 21Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.

СагӀа доккхучу меттигех долу парзаш

22Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. 23Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе. 24Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду. 25 nНагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. 26СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».
Copyright information for CheCAC2012