‏ Exodus 24

Везачу Элаца бина барт чӀагӀбар

1Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа. 2Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».

3Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». 4Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира. 5Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура. 6Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра. 7Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».

8 aКедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.

9Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира. 10Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш. 11Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.

Муса Синай-лам тӀехь

12Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». 13Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса. 14Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».

15Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира. 16Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. 17Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. 18 bМуса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012