‏ Exodus 26

Делан цӀийнах лаьцна

(Арадаккхар 36:8-38)

1«Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. 2ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза. 3Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза. 4Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а. 5Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза. 6Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.

7Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза. 8Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш. 9Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе. 10Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а. 11Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду. 12Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита. 13Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.

14Ши кхалор е четарна тӀехула лаца – цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.

15Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна. 16Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш. 17ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш. 18Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе. 19Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зӀакарна. 20Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе. 21Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш. 22Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе. 23Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе. 24Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза. 25Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана шишша бух.

26Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна, 27пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна. 28Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза. 29Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца. 30Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.

31Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. 32И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза. 33 aЧетаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю. 34Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла. 35Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.

36Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. 37И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».
Copyright information for CheCAC2012