Exodus 30
Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчах лаьцна
(Арадаккхар 37:25-28)
1«Акацих хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бе. 2Иза беакӀов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьӀӀехь маӀаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. 3ЦӀена деши лаца цунна тӀехула а, гонах а, маӀашна тӀе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца. 4Серана кӀелахь цуьнан шинна а агӀор деших ши чӀуг е, вукху агӀор а е иштта ши чӀуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чӀагарех. 5Хьокхий а акацих де, тӀехула деши а лоцуш. 6Тоьшаллин тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агӀор хӀоттабе и кхерч. Тоьшаллин тӀорказна тӀехула къинош дӀадахаран негӀарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хӀуттучу меттехь. 7Цу кхерчана тӀехь АхӀарона хаза хьожа йогӀу хӀума ягор ю. ХӀора Ӏуьйранна, къуьданаш цӀандечу хенахь, цу кхерчана тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума яго еза АхӀарона. 8Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тӀехь яго еза цо хаза хьожа йогӀу хӀума. ТӀейогӀу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. 9Цу кхерча тӀехь кхин йолу хӀума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш ма даха цу тӀехь, иштта, чагӀаран сагӀа ма дитта цу тӀе. 10Къинна дуьхьал даьккхинчу сагӀин цӀий а эцна, шарахь цкъа АхӀарона оцу кхерчан маӀаш тӀе хьакха деза и цӀий, кхерч цӀанбархьама. Шуна тӀаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цӀанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».Делан четарна луш йолу ял
11Везачу Эло Мусага элира: 12«Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хӀоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хӀумма а ца хилийтархьама. 13 aХӀораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер ▼▼Гер – цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.
догӀу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагӀа ду. 14Ткъа шарал тӀехваьлла волчо хӀораммо а Везачу Элана и сагӀа дала деза ша вагарвечу хенахь. 15Хьал долчо сов а ца луш, къечо кӀезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хӀораммо а. 16Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гӀуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш». Юьхь-куьгдуьлургах лаьцна
17Везачу Эло Мусага элира: 18 c«ЦӀастанан юьхь-куьгдуьлург е цӀано ян, цӀастанах цуьнан бух а бе. Иза гуламан четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттаяй, цу чу хи дотта. 19АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта. 20Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегӀах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерча тӀебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цӀера тӀехь сагӀа даккхархьама. 21Бала ца балархьама шайн куьйгаш а, когаш а хица дила деза цара. Царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза».Къобалван тӀедуттуш долу даьтта
22 dВезачу Эло Мусага элира: 23«Хаза хьожа йогӀу уггар тоьлла хӀуманаш схьаэца: шийтта герка ▼▼Шийтта герка – ма-дарра аьлча, Ӏебархойн маттахь дӀаяздина ду: пхи бӀе шекхал. Ткъа цхьа шекхал итт грамм барамал яра.
коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а, 24шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. 25Оцу дерригенах а тӀедуттуш долу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. 26Гуламан четарна а, тоьшаллин тӀорказна а, 27стоьлана а, цу тӀехь лаьттачу хӀуманашна а, стогарна а, цуьнан гӀирсана а, хаза хьожа йолу хӀума ягочу кхерчана а, 28дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а, цӀано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тӀе дотта иза. 29Иштта язъе и хӀуманаш, тӀаккха уьш чӀогӀа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду. 30АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, тӀе даьтта а доттий, базбе, Суна гӀуллакх деш динан дай царах хилийта. 31Исраилхошка дӀаала: „Шун тӀаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза. 32Хийрачу нехан догӀмашна тӀе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Ӏалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чӀогӀа деза ду, шуна деза хила а деза иза. 33Цунах тера даьтта а кечдина, иза хийрачу стагана тӀе дуттург шен халкъана юкъара эккхор ву“». Хаза хьожа йогӀу сегӀаз
34Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогӀу сегӀазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цӀена ливан а цӀе йолу хӀуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. 35Хаза хьожа йогӀу а, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегӀаз кечде цу хӀуманех. Цу чу туьха таса, иза цӀена а, деза а хилийтархьама. 36Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогӀун волчохь, тоьшаллин тӀорказна хьалха дилла. Шуна чӀогӀа еза хӀума хир ю иза. 37И санна хаза хьожа йогӀу сегӀаз шайна ма делаш, Везачу Элана лерина бен хила йиш яц и еза хӀума. 38Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегӀаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву».
Copyright information for
CheCAC2012