bАрадаккхар 20:11.
Exodus 31
Пхьерех лаьцна
(Арадаккхар 35:30–36:1)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. 3Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: 4говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, 5дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. 6Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб велира Ас цунна гӀоьнна. ХӀора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тӀедиллинарг цаьрга кхочушдайта. 7Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тӀорказ а, цу тӀе негӀар а, четаран берриг а гӀирс а, 8стол а, цуьнан гӀирс а, цӀеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гӀирс а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, 9дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 10динан дайн деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш), 11къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогӀу сегӀаз а – дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара».Шоьтан садоӀу де ларар
12Везачу Эло Мусага элира: 13«ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. 14Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. 15 aЯлх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де – Везачу Элан дуьхьа дӀакъастош долу дуьззина садаӀаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. 16Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоӀу де, шайн тӀаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. 17 bИза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна, хӀунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь Цо, Ша динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, садаьӀна“». 18Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012