Exodus 33
Синай-лам болчуьра дӀагӀо аьлла, дина омра
1 aВезачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца. 2Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаӀанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу. 3Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе кхочур ду шу. Со шуьца вогӀур вац, новкъахь шу хӀаллак ца дархьама, хӀунда аьлча шун халкъ чӀогӀа аьрха ду». 4И гӀайгӀане дешнаш а хезна, нах тийжа хӀиттира, цхьаммо а шен дашо хӀуманаш дегӀа тӀе ца оьхкира. 5ХӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДӀаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дӀавеача а, Ас атта хӀаллакдийр дара шу. Шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хӀун дан деза“». 6Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаехира.Гуламан четар
7Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура. 8Муса гуламан четарна тӀеволавелча, дерриг а халкъ хьалагӀоттура. ХӀора а, шен четарна хьалха а хӀуттий, Мусана тӀаьхьа хьоьжуш Ӏара, иза четарна чу ваххалц. 9Муса четарна чу вахча, мархин бӀогӀам, охьа а богӀий, четарна чу воьдучохь соцура, тӀаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора. 10ХӀоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бӀогӀам халкъана гича, хӀора а лохха охьатаьӀара шен четарна хьалха лаьттачохь. 11Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.Шен халкъаца хир ву аьлла, Везачу Эло йина чӀагӀо
12Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, – Айхьа аьллашехь. 13Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидӀа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хӀара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар». 14Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогӀур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу». 15Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогӀур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа. 16Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?» 17Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна». 18ТӀаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна». 19 bВезачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду». 20Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». 21Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тӀе дӀахӀотта. 22Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хӀоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тӀехваллалц. 23Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тӀехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».
Copyright information for
CheCAC2012