‏ Exodus 34

ТӀулган керла экъанаш

(Карлабаьккхинарг 10:1-5)

1Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса. 2Кхана Ӏуьйранна кийча хила. Синай-лам тӀе хьала а валий, Суна хьалха хӀотта ламанан бохь тӀехь. 3Хьоьца лам тӀе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тӀехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш». 4Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.

5Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхӀува (Веза Эла) аьлла, Шен цӀе яьккхира Цо. 6 aМусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхӀува йолчу цӀарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгӀаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, 7Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».

8Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса. 9Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дӀаволахьа. ХӀара халкъ чӀогӀа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дӀаэцахьа тхо».

Барт карлабаккхар

(Арадаккхар 23:14-19; Карлабаьккхинарг 7:1-5; 16:1-17)

10Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу. 11ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. 12Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. 13 bЦеран сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.

14Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. 15Ларлолахь, цу махкахь Ӏаш болчу нахаца берта ма гӀолахь, хӀунда аьлча, Соьгара дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттича, царна сагӀанаш даьхча, хьо дӀакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагӀанаш даа там бу ахьа. 16Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.

17 cЦӀуш ма бе хьайна.

18 dСовсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.

19 eДоьзалехь дуьххьара хилла кӀант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба – я уьстагӀ, я газа – Сан ду. 20 fХьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа айхьа иза паргӀат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кӀентех а мах ло.

Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгӀат а доцуш.

21 gЯлх дийнахь болх бе, ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа. Ур-атталла ялта дӀадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаӀа.

22 hДуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.

23Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза. 24Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.

25 iДийнатан цӀий Суна сагӀина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма даккха, ткъа Пасахьан сагӀа Ӏуьйренга ма далийта.

26 jХьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба.

Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».

27Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хӀунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а». 28Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.

Муса Синай-лам тӀера чувоссар

29 kКарахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела. 30Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тӀебахка ца хӀуьттура АхӀарон а, исраилхой а. 31Цо шайга тӀекхайкхича, АхӀарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тӀебахара. Цаьрца къамел дира цо. 32Цул тӀаьхьа массо а исраилхой цунна тӀебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тӀехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас. 33Нахаца къамел динчул тӀаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо. 34Везачу Элана хьалха хӀоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хӀума дӀайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тӀедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо. 35Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.
Copyright information for CheCAC2012