Exodus 36
1«Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхӀлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тӀе-ма-диллара дан деза». 2Мусас Бацалиал а, ОхӀлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тӀекхайкхира и болх бан. 3Исраилхоша Делан четар дарна еана хӀуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хӀора Ӏуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгӀатна лерина гӀирсаш. 4Юха Делан четарна тӀехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тӀебаьхкира. 5Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гӀирсаш». 6ТӀаккха Мусас халкъе дӀакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хӀумма а ма я аьлла. Цул тӀаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хӀуманаш. 7Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хӀинцале а схьакхехьна хӀуманаш!Делан четар дар
(Арадаккхар 26:1-37)
8Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хӀиттира. Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тӀе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара. 9ХӀора шаршу йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера. 10Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара. 11Сийначу кӀадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира. 12Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара. 13Шовзткъе итт дашо мӀара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тӀаккха цхьа четар хилира цунах. 14Юха газанан тӀергӀах четарна тӀехула лаца цхьайтта шаршу йира цара. 15Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш. 16Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара. 17Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тӀе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира. 18Уьш туьйдаргех дӀатасархьама, цара шовзткъе итт цӀестан мӀара йира, тӀаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира. 19Четарна тӀехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах. 20Акацин дечигах ирахӀиттийна гураш кечдира цара четарна. 21Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 22ХӀора гуран ши зӀок йинера цара, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара. 23Четаран къилбехьа йолчу агӀор хӀоттийнарг ткъа гур бара. 24Оцу ткъа гурана уьш тӀехӀитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зӀакарна кӀел ши бух, вукху гуран шина зӀакарна а ши бух. 25Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор хӀотто а ткъа гур бира цара. 26Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кӀел а хӀоттош. 27ТӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор бинарг ялх гур бара. 28Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а бира. 29Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера. 30Иштта, бархӀ гур бара, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана кӀел шишша бух. 31Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агӀор долчу гурашна лерина бара, 32важа пхиъ вукху агӀор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тӀехьа агӀор долчу гурашна а бара. 33Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. 34Гурашна а, хьокхешна а тӀехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших йира. 35Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тӀехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира. 36Кирхьанна акацих биъ бӀогӀам а бина, царна тӀе деши а лецира, тӀехь дашо зӀакарш а йира. БӀогӀамашна биъ дато бух а бира. 37Четарна чуволлучу олла тӀехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а. 38Цу шаршуна пхи бӀогӀам бира, тӀехь мӀараш а еш. БӀогӀамийн лакхенашна а, царна тӀера дӀатосургашна а тӀе деши лецира, ткъа лахахь цӀестан пхи бух бира цара.
Copyright information for
CheCAC2012